ТIекхочийла долу линкаш

Гезгмашин-беттан 6-чохь 24 шо кхаьчна нохчийн къомо ша Оьрсийчоьнах дозуш дацар дIакхайкхина. 1991 -чу шеран гуьйранна Нохч-гIалг1айн автономан республикан Лакхарчу Кхеташоно шен декхарш охьадехкинчу денна тIера дIаболабелира кхоман керла мур.

КIиранде Венехь цкъа догIа тухуш, тIаккхам таьIначу мархашна кIелара малх хьасене болий, дуьне юха а къегий, серладолуш, сих-сиха хийцалучу хенан хIоттамца деанера.

Амма цунах новкъарло ца хилира муьлхачу хилла яьллачу я хIинца а когаирахIотта гIертачу, я хиллане а хийрачу ницкъийн оккупацино хьаьшначу пачхьалкхан коьрта дезде хуьлуш долу – и пачхьалкхе йозуш яцаран де – даздан гулбеллачу нохчашна.

Цара даздеш дерг дара Нохчийн Ичкери Республика 24 шо хьалха, I99I-чу шеран гезгамашин беттан ялхалгIачохь Оьрсийчоьнах йозуш йоцуш а кхайкхина, нохчийн къомо шен маршонехьа болу некъ юхьаралацар. И некъ, хууш ма-хиллара, вуно хала а, къаьхьа а хилира, цул тIаьхьа Оьрсийчоьно шозза тIом вайн махка бар бахьана долуш.

Хийла доьзале бохам кхечира, хийла кIентийн шайн къоман маршо ларйан арабевллачохь ийгира. Бохийра мохк, къоман кхозлагIа дакъа махках дала дийзира.

Лаккхара хилира нохчийн къомо шен маршонах бала безна мах. ХIетте а, цу къомо юхьаралаьцнарг цхьа а хьарам хIума дацара, шел хьалха а, шел тIаьхьа а кху лаьттахь бIеннаша къаьмнаша бина некъ бара иза – Делан низамашца, адамийн бакъонашца а хIора а халкъана хьакъ йолу маршо а, хIора а къомана хьакъ долу дозуш ца хилар а дара нохчийн къомо лехнарг, цунна дезнарг.

Тахана, хан-зама яьллачул тIаьхьа цхьаццаболчу хенаца хьекъале баьхкинчара дуьйца-м дуьйцу, маршо нохчийн къомана хьашт яцара, я Оьрсийчоь йоцуш вай мегар дацара, я гуттар хьекъал совдевллачара бусулба динехь маьрша къоман пачхьалкхеш оьшуш а яц, дерриге уммат цхьа йижарий-вежарий хилча, бохуш.

Амма бакъдерг кхин ду - хIора адаман кху лаьттахь бакъо ю маьрша даха, маршо езар адамийн сица ду, цхьанна а ца лаьа набахтехь ваха, цу набахтехь мел аьхна а, хаза а делахь а.

И дерриге а карладелира Венерчу Ное Донау олучу меттехь Дунай хинйистехь нохчийн пачхьалкхан йозуш яцаран де даздан гулбеллачу Австрерчу нохчашна. Шинна тIамехь дIакхелхинчу йижаршна а, вежаршна а тIера сагIа а доккхуш, и цхьаьнакхетар вовшахтоьхнарг вара „Ичкерия“ цIе йолчу културан центран куьйгалхо Исханов Хьусейна. Цо иштта дийцира Маршо Радионе шайн даздарех лаьцна.

Исханов: „ХIинца тахана 24 шо кхаьчна нохчийн къам маршонан некъа даьлла. Цу юкъана вай дукха яккхий халонаш а лайна, дуккха а эшамаш а хилла вайна. Амма вайн къомо гайтина, ша маршонна тIера юхадоьрзур доцийла.

Иза дагахь латтор мехала ду Европехь бехачу нахана а. Цундела вайн къоман маршо ларйархьама шайн дахарш дIаделла болу тоьллаха болу векалш дага а лоцуш, сагIа а доккхуш, вовшахкхетта бу-кх тахана кхуза дунай хийистехь вайнах“.

Вуно дукха адам гулделлера Дунай хийистехь кIирандийнахь. Iуьйранна дуьйна мелла а кхоьлина хилла йолу стигал серла а яьлла, делкъана дуьйна малх лаьттира, нохчийн къоман байракхаш ловзош мела хьокхуш мох а болуш.

Уггаре а чIогIа шена мехала дара цу цхьаьнакхетаре нохчи дийна доьзалшца бахкар а, зударший, бераший цигахь жигара дакъалацар а бохуш дийцира Исханов Хьусейна кхин дIа а. ХIунда бохург цуо ша иштта кхетадо.

Исханов:„ХIара вовшахкхетар кечдинарг „Ичкерия“ цIе йолу цхьаьнакхетаралла ю, дукха хан йоцуш Австрехь кхоьллина йолу. Суна вуно мехала дара, кхуза доьзалшца нах бахкар. Дуккха а зударий а, бераш а ду кхуза даьхкина. Къаьстина иза дика хета суна, хIунда аьлча и зударий а, бераш а вовшашна довзийтар мехала ду.

Вайна юккъехь тIаьхьарчу хенахь даьржина хабарш ду, зударий, божарий цхьаьна меттах вовшахкхета мегар даций, зударий чохь Iе безий бохуш. Амма вайн къоман къонахий кхиош берг зударий бу, церан сий дан деза вай, уьш вовшашна бовзийта беза. Иштта вайн бераш а гайта деза вовшашна, довзийта а деза“.

Нохчийн къоман дезде билгалдаккха баьхкинчарна юккъехь вайнах хилла ца Iара, цигахь иштта австрихой а, украинхой а, гуьржи а бара.

XS
SM
MD
LG