ТIекхочийла долу линкаш

Эзарнаш мухIажарш шинари Iуьйранна юха а гулбелла Будапештерчу Келети цIерпошта вокзалан хьалха. КIирандийнахь а, оршот дийнахь а Венгрин Iедало мигранташ новкъарло а ца еш, Малхбузенан агIор дIабохуьйтуш хиларна, Iуьррехь, кассаш схьайоьллушехь, Мюнхене йоьдучу цIерпоштина билеташ эцнера цара.

Эзарнаш мухIажарш шинари Iуьйранна юха а гулбелла Будапештерчу Келети цIерпошта вокзалан хьалха. КIирандийнахь а, оршот дийнахь а Венгрин Iедало мигранташ новкъарло а ца еш, Малхбузенан агIор дIабохуьйтуш хиларна, Iуьррехь, кассаш схьайоьллушехь, Мюнхене йоьдучу цIерпоштина билеташ эцнера цара.

Амма баха гIерташ сов тIех хиларна, ткъа цIерпошти чохь 300 стагана бен меттиг ца хиларна, дуккхах берш Будапештехь бисина. Шайн карара цхьаннах I50 герга евро а луш эцна долу билеташ дарна кхерабелла болу мигранташ ца теша, цу билеташца шаьш кхин цхьана баттахь а цIерпоштица дIадаха йиш хир ю бохучух.

Бехк а бац ца тешча, хийла Iехийна уьш Венгрерчу Iедалша кху тIаьхьарчу деношкахь, цкъа некъ маьрша а баьккхина, дIадохуьйту шу Австре а, Германе а, шайна лууче а олуш, тIаккха юха, олуш-кхетош хIума а доцуш, некъаш дIакъовлуш.

3 сахьтахь герга некъ бу Будапештера Австрин коьртачу шахьаре Вене бан. Ткъа Венгрехь гулбеллачу мухIажарийн уггаре а боккхачу сатийсамийн гIаланах Мюнхенах уьш къастош берг 7 сахьатана герга некъ бу цIерпоштица.

Амма масийта эзар чакхарма гIамаршлахь а, хIурдаца а, латтатIехула а некъ бинчу доккхачу декъехь Шемарчу мигранташна уггаре а чIогIа яхъйелла и тIаьхьарлера некъан кийсак, Европано, гIап хуьлуш, мигрантах ларйалархьама иттанаш шерашкахь керла-керла юкъедаьхна долу низамаш бахьана долуш.

И тIеоьхучарна вуно дера а, шога а долу низамаш доха а ца деш Евробертан лаьтта кхача мухIажарийн бакъо йоцийла кхеташ болу меттигера могIарера бахархой тайп-тайпанчу тобанашкахь вовшах а бетталуш, арабевлла мухIажаршна гIо дан.

Ишттачу цхьан тобан тIаьхьарлера акци ю, шайн долахьчу кегийчу машенашца а, минибусашца а Венгрера мухIажарш мехаза Австре схьабахкор. Цу Iалашонца I50 машенахь массийта бIе австрихо вахара Венгрин-Австрин дозане, цига кхаччалца Будапештера гIаш некъ бийр бу шаьш аьлла новкъабевлла болчу мухIажаршна дуьхьал.

И акци Фейсбукехула вовшахтоьхначех цхьаъ йолчу Венин яхархочуьнца Туберт Ингридца къамел хилира Маршо радион, машенийн ковр гулйеллачу Пратер Стадионехь.

Туберт: „ ХIара акци юкъараллерчу могIарерчу нехан инициатива ю. Гергарчу хьесапехь дагардича, 140 тIера 150 кхаччалца машен вовшахкхетта кхузахь хIинцале а. Уьш Венгрица дозане новкъаевлла ю. Цига дIакхачале новкъахь дуьхьалкхетахь мухIажарш схьа а гулбеш, юха дозане кхаьчча, цигара мигранташ схьа а бахкабеш, кхин дIа цигахь гулбеллачу нахана хIун гIо дан йиш ю а царна хIун оьшу а хьовсуш арадевлла ду тхо.

ХIинца мухIажаршца хIоттаделлачу хьоло гайти, Европехь низамийн ситуаци мел адамалла хьоьшуш ю бохург. Адамалла гайтар зулам санна а туьдна, иза криминалалла санна лоруш ю иза.

Цундела кхузахь гулбеллачу наха шайн арадовларца гойту Iедале, могIарера нах адамалла лардан арабовла кийча буйла. И бахьана долуш шайн Iедало гIуданаш тоха йиш я набахте бохка йиш хилар тергал а ца деш.

Ишттаниш дуккхаъ бу. Уратталла, Австрин цIерпоштин концерно ОьББс а аьлла кху хьолехь шаьш мухIажаршна гIо дийр ду, меттигерчу баккхийчу совдегарш а гайтина, шаьш мигранташна гIо дан кийча хилар.

Цундела, суна хетарехь, массо а нехан ала йиш ю тахана, хIаъ, тхо кхеташ ду, Европера куьйгалла гуьнахь дац хIара санначу катастрофашна адамаллийца дуьхьал хIотта.

Цундела низам дохийна аьлла тхаьшна гIуданаш дийр хиларх кхета а кхеташ, тхо хIетте а ара ца довлуш Iийр дац, аьлла. Цу мухIажаршна кхуза кхача гIертачу хенахь дуьхьал Iиттаелла йолу халонаш юстийла дац тахана царна гIо дан арадевллачу вайна дуьхьал хIуьттучу халонашца“.

Ала догIу, нагахь санна Австрин Iедало легала боцу мигранташ бахкош вогIуш волу меттигера вахархо лацахь, цунна 5 эзар евро кхаччалца гIула тоха йиш ю. Ткъа нагахь санна и саннарг Венгрин полисхошна гучувалахь, цунна пхеа шаре кхаччалца хан тоха йиш ю.

ХIетте а, долахьчу машенашца дозане а оьхуш, мухIажарш Австре схьакхуьйлучу меттигерчу бахархоша хIинцале а масех бIе мигрант сехьа ваьккхина Венгрица дозанехула. И болх беш Венгрерчу полисхошна гучу а ваьлла, лаьцна царех 4 стаг, контрабандалла лелош ву аьлла бехке а вина.

Оршот а, шинари а дийнахь мухIажаршна Венгрин Iедало цIерпоштица дозанал дехьа бовла магийтина хиларна, машенашца уьш схьабахкон арабевлачу австрихоша цкъачунна шайн акци хийцина – цара хIинца мухIажарш бахкорна метта царна цига, Будапеште, сурсаташ а, тIеюху хIумнаш а кхоьхьу.

Food for migrants

Food for migrants

Амма нагахь санна Венгрин Iедало рогIера доза дIакъовлуш хилахь, муьлхачу а мIаьргонехь мигранташ Вене схьакхийла шаьш кийча хилар дIахаийтина Австрерчу юкъараллин жигархоша.

XS
SM
MD
LG