ТIекхочийла долу линкаш

Евроберто орцан кеп кховдийна мигранташ дIатарбан


Европан Бертан комиссин куьйгалхочо Юнкер Жан-Клода Европе хьаьлхина мигранташ а, тховкъело лоьху нах а дIатарба аьтто беш орцан кеп кховдийна. Кхаарийдийнахь Евробарт кхоллаелла де билгалдоккхучу барамехь Юнкера некъ гойту Желтойчохь, Венгрехь, Италехь гулвеллачу 160 эзар мухIажирах уггаре хьалха тIеэца беза шемахой, уьш мехкаша шайн-шайна чуэца а беза, элира комиссаро.

ТIедогIучу кIиранах кхеташоне гуллучу Европан чоьхьарчу гIуллакхийн министраша а ян еза цуьнан терго, бохура Юнкер Жан-Клода. Цуьнан дехар сацаме дерзо реза хилира Германи. Амма дуьхьал ю Венгри а, кхийолу а пачхьалкхаш. ХIара шо доладелчхьана Европе дIагIоьртинчу мигрантийн барам бу ах миллион стаг.

XS
SM
MD
LG