ТIекхочийла долу линкаш

Обама Баракан толам


ГIажарийчоьнан зарратан программех болу сацам къастош толам баьккхина Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн Сенатехь президента Обама Барака. ГIажарийчоьнца Брюсселехь хилла барт къобалбина 42 сенаторо – иза дуккха а таоме ду Сенате вето ца хIоттаяйта Обамин сацамна тIе.

Кхечу пхеа пачхьалкхашца цхьаьна Iамерко бартбина гIажарошца,ТехIеран зарратан герз кхолла йолчу Iалашонах а къаьсташ, дуьнено ша цунна тоьхна латтаен экономикан эмбарго юха а йокххуш. И барт мехкийн дипломатин тоьлла масал ду аьлла хета Штаташкарчу дуккха а политикашна.

XS
SM
MD
LG