ТIекхочийла долу линкаш

Украинан премьер-министре бехк кхийдабо Оьрсийчоьно


Оьрсийчоьнан Талламан Комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра дIахьедар дина, Украинан премьер-министр Яценюк Арсений Нохчийчохь 1-чу тIамехь дакъалаьцна хиларан шайгахь тоъал тоьшаллаш ду, аьлла. Цо чIагIдарехь, Яценюка дакъалаьцна 1994-чу шарахь ГIура-беттан 31-чу дийнахь Соьлж-ГIаларчу Минутка олучу меттигехь, 1995-чу шеран Чиллан-баттахь гIалин 9-чу Дарбанан цIийнан гонах дIадаьхьначу тIематасадаларшкахь а.

Иштта Нохчийчуьрчу Октябрский кIоштехь оьрсийн йийсаре лецначу нахана тоьпаш тухуш, царна тIехь ницкъ барца а, билгалваьлла Яценюк Арсений, бохуш дуьйцу Бастрыкин Александара.

XS
SM
MD
LG