ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчуьрчу дешаран, Iилманан министралло Британе шайн говзалла лакхаяккха бахийтина ингалс меттан хьехархой, цIа бирзина. Шина кIиранах хьехархошна лерина 50 Iамораш дIадехьира Кембриджехь, Оксфордехь.

Нохчийчуьрчу дешаран министралло хIинцале кечам беш бу, кхиъ пхи шо даьлча экзаменашна хинболчу хийамашна.

2020 шарахь ишкола йоккхучу дешархочунна, мелла а хаа безаш бу оьрсийн, нохчийн шина маттаца, кхечу пачхьалкхера кхин цхьа мотт а.

Оцу гIуллакхна лерина яра меттигерачу дешаран министралло кечйина и проект.

Цуьнца махкара ингалсан мотт хьоьхуш волу 60 хьехархо Iаморашка хьажийнера Британерачу Оксфорде а, Кембридже а.

Нохчийчуьрчу дешаран министраллин белхахочо Тепсаев Азамата иштта дийцира оцу проектах лаьцна.

Тепсаев: «Дешаран министран омра кхочуш деш, Москохарчу «Хааран центр» юккъараллаца барт а бина, иштта бахийтина-кх. Программа ша цхьана баттана яра. Шина кIирнах цхьа дакъа а, вукху шина кIирнахь, шоллагIа дакъа».

Британехь Iамийначу хьехархошна керла агIонаш гайтина, ишколашкахь хьеха мегар йолу. Мотт марзбалийта хазарехь дIалацар, къамел нйиса алар а, ешар а, йоза а, меттан оьвсаралла а, «грамматика» а, и агIонаш ю коьрта тидаме йиллина.

Цигахь 2 кIира а даьккхина цIа бирзича дуьйна, хьехархоша цигахь шайна Iамийна йолу методика юккъеяьккхина шаьш болх бечу ишколашкахь.

Цуьнах лаьцна Маршо Радиога дийцира Шела кIоштарчу хьехархочо Мутусханова Миланас.

Мутусханова: «Пайда тхуна алсам баьлла. Бераш Iамо хьихийра тхо. Дукха хена дуьйна цига яха лууш а яра со. Кембриджехь оха ши кIира даьккхира. Цецбевлла а бара, тхуна мотт хаарх».

Нохчийчуьрчу дешархошна, кхечарна санна боккха тIеIаткъам бу хуьлуш юккъе яьккхинчу ЕГЭ экхаменах. Царна-м мел а а алсам хуьлу иза. Наггахь воцург бен вац нохчийн а, оьрсийн а, ингласан, я немцойн меттанаш хууш.

Ингалсан мотт цундела хала хуьлу царна дIалаца аьлла, кхин дIа а дуьйцу Мутусханова Миланас.

Мутусханова: «ТIе-м гIертара бераш, амма дIалацар хала хуьлу. Цхьадолчу берана оьрсийн мотт дика ца хаьа, цундела ингалсан маттахь кхета царна кхин а хала ду. Тхайна цигахь Iамийна йолу методика, оха хIинцале Iамо йолийна».

Пачхьалкха дозаналла арахь нохчийн хьехархой Iаморан проект сацор йолуш яц оцу тIегIанахь. Гергарчу хенахь Германе бохуьйтур болуш бу немцойн мотт хьоьху хьехархой.

XS
SM
MD
LG