ТIекхочийла долу линкаш

Папа Франциск цхьаьнакхета дагахь ву Путин Владимирца


Риман лакхара мозгIар Папа Франциск цхьаьнакхета дагахь ву президентца Путин Владимирца Нью-Йоркехь Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин Ассамблеян кхеташо йоьдучу муьрехь. Амма иза хир ду нагахь санна Оьрсийчоьнан лидер шен хенна бараме кхачахь, элира еарийдийнахь Ватиканан векала архиепископа Аус Бернардитос. И хаам баржийна Нью-Йорк Таймс газето. Ламаст ду Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин Кхерамзаллин Кхеташонан болх боьдуш, цуьнан коьртехь волчуьнца Риман Папа цхьаьнакхеташ.

Ткъа кху баттахь дуьйна Кхерамзаллин Кхеташонан коьртехь Оьрсийчоь ю. Кремлан дипломатин хьукмато бечу хаамца, Путин кху беттан 27-чохь, кхеташо йоьдучу кхоалгIачу дийнахь кхочур ву барамехь вистхила. Риман Папица цуьнан цхьанакхетар ца хила а тарло хенаца шиннан Нью-Йоркехь доху денош цхьанадогIуш дацарна, боху дипломатин хьостанаша. Хууш ду, кхо бутт хьалха Риман Папица хиллачу цхьаьнакхетаре Путин цхьана сахьтаний итт минотний тIахьависина хилар. Амма оцу хьокъехь ца хьахийна хила дезачу лаккхарчу цхьаьнакхетарх лаьцна дуьйцуш Ватиканан векало архиепископо Аус Бернардитос.

XS
SM
MD
LG