ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьно Шемахь шен тIеман жигаралла совйоккху


Атлантикан альянс НАТО а, Iаьмеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ а саготта ю Оьрсийчоьно Шемахь шен тIеман жигаралла совйоккхуш хиларна, аьлла дIахьедина Вашингтоно а, альянсан лидеро Столтенберг Йенса а. Кхаарийдийнахь Праге веъначу НАТО-н куьйгалхочо элира, Оьрсийчоьно оцу некъаца аьтто ца бо Малхбалера конфликт ерзон.

Оццу маьIнехь ду Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министре Лавров Сергейга Штатийн пачхьалкхан секретара Керри Джона дина дIахьедар а. Кремло ша Шемин диктаторан Асад Башаран гIоьнча юйла гайтина кху деа шарахь цу махкахь лаьттачу тIамехь – Оьрсийчоьно ца хеддаш герзаш кхоьхьуйту цига. Ткъа Iамеркана бIегIийла хета Асада шегара президентан дарж охьадиллар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG