ТIекхочийла долу линкаш

Кадыров Рамзана жоьпе озийна Къилба-Кузнецкан кхел


Адам сийсаздоккхуш, маьттаза лерина Оьрсийчоьнан инарла прокуратурано Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Къилба-Кузнецкан кхелан суьдхо, прокурор емалъбар. Царна бехкедуьллу Нохчийчоьнан куьйгалхочо КъурIанан юкъара аяташ тIехь долу жайна экстремизмалле ларар. Кадыров Рамзана дIахьедо прокуратуране, аьллачунна ша къера ца хиларх, шен дешнаш юха оьцург ца хиларх, кхелан вердикт эшон дахьийтина шен цIарах арз хиларх а.

Бахначу беттан 19-чу дийнахь Къилба-Кузнецкан кхело экстремизмалла шеца йолуш ю аьлла лерина «Деле дехар: бусулба динехь цуьнан маьIна»» жайна. Оцу жайнитIехь КIурIантIера Мохьмада Пайхамаран аяташ, доIанаш, цуьнан аларш ду. Жайнин копи социалан машанехь яржийна. Массо бусалба нехан дагах кхетта кхелан сацам. Лакхарчу кхеле арз дахьийтина Кадыров Рамзана оцу хьокъехь.

XS
SM
MD
LG