ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Даймохк ларбарна - 16 шо


Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело I6 шо набахтехь даккха кхайкхийна Бачаев Саламбекна цо кхо салти верна. Махкахь шолгIа тIом боьдуш цо шен кхин а массех накъостца байина эскархой лаьттах а бухкуш, дIадаьхьина боху цаьргара герз. Дов бехккъасторхоша листина, церан вердикто иза вуьззина бехке вина тIедаьхьначу зуламашна.

Бачаевн дов листина, и саннарш кхидерш а санна, Нохчийчохь лаьттина тIом а, и тIом арахьара чубеъна хилар а ца лоьруш, цхьана я массех адамо ша шеггарчу лаамца Оьрсийчоьнан эскархой зуламна байича санна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG