ТIекхочийла долу линкаш

Iамерка 100 эзар мухIажир тIеэца кийча


Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин мухIажирийн гIуллакхаш тергонехь латточу урхаллан пресс-секретара Шпиндлер Уильяма ша хазахетарца тIеоьцу Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа 100 эзар Шемара мухIажир тIеэца кийча хилар хаийтар, аьлла. Шайн векалто лерринчу тергонехь латтадо Венгрерчу полицино мухIажиршца латтойо юкъаметтигаш, мухIажирийн бакъонащ ларъян а еза, уьш ца хьешийтархьама шаьш Iуналла а латтадо, аьлла дIахьедина Шпиндлер Уильяма.

МухIажирийн урхалло бахарехь, 380 эар мигрант ваьлла кхушара, царех ах гергга шемахой бу. МухIажирийн барамаш кхидIа а бестар болуш бу, боху Шпиндлера.​

XS
SM
MD
LG