ТIекхочийла долу линкаш

Молдаванхой протесте кхуьйкху Кишиневе


Кху кIиранденна Кишиневе протестан гуламе кхойкху шайн махкахой Молдован “Сий, Бакъдерг” цIе йолчу политикан боламан лидерша. КIира хьалха коррупцина резабоцчу бахархойн протестан рогIера гулам бу кхайкхийнарг. Советан Iедал доьхначул тIаьхьа цкъа а хилла бац Молдовехь оццул баккхий гуламаш. Протестхоша дарж дитар доьху президенте Тимофти Николаега а, коррупцина дуьхьалоечу урхаллин куьйгалхошка а. ТIедогIучу шарахь хила беза парламентан харжамаш ханна хьалхабаха а декхаредо Iедал цунна резабоцучара.

Деношкахь протестан лидершца къамел хилира мехкан премьер-министран Стрелец Валериун, цигахь цуьнга дехна Iедалан кабинет дIасахецар, келачу ницкъех иза юхакхоллар. Стрелец реза ца хилла, амма шен Iедал кийча ду протестхошца бертан къамелаш дан, аьлла цо. Нах реза бац Молдован Iедало серлонанан мехаш хьалабахарна а, банкашкахь коррупцин скандалаш гIиттарна а – дукха хан йоццуш Iедалан долара 1 миллиард евро доьза дайра Молдовехь.

XS
SM
MD
LG