ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Скандале Берлускони ГIирмехь ву


Шеггарчу визитца ГIирме хьошалгIа веана Италехь скандалечу гIуллакхашца доьзна даржера вохийна волу а, Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран доттагI лоруш а волу Берлускони Сильвио. РИА Новости агенталло бахарехь, оьрсийн президент цхьаьнакхетар ву цуьнца. Кхо бутт хьалха а веара Берлускони шеггара Путин волчу, Алтайхь цхьаьна а кхеташ.

Оьрсийчоьно Украинаца латточу политикана реза болчу кIеззигчу Европан политикех ву Берлускони Сильвио. Ткъа шен цIахь дукхазза а бехкевина иза кхелаша Iедалехь таьжгалла лелорна а, нахе харцо толорхьама ахчанаш кхийдорна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG