ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дастаме дуй нохчашна сагIадехар?


Социалан хьелаш эшначу мулххачу а пачхьалкхехь го сагIа доьхуш, миска нах. Делахь а, дукха зама хьалха дуьйнна олуш ду вайн, нохчий цкъа а ца хилла сагIа доьхуш. ТIаьххьарчу замано хийцам балийна оцу бакъдолчун дуьхьал.

Дукха хан йоццуш Пятигорскера лаьцна ялийра Соьлжа-ГIала, цигахь сагIа доьхуш лелла кегийрхойн тоба.

Ткъа хIинца Нохчийчуьра да чувоьллина, шен йоIе ницкъаша сагIа дехийтарна.

Вайн наха шайна эхье лоручу сагIадехарца дузу Маршо Радионо шен кху кIиранан хаттар.

Шуна муха хета, дастаме дуй нохчашна сагIадехар? ХIун дан деза карарчу заманан хьелашкахь данне а де доцучу мискано? Аш хIун хьехам бийр бара иштачунна?

Даим санна жоьпаш даьхкина Маршо Радионе Европера а, Нохчийчуьра а. Хьалха-Мартанарчу вахархочо- дас шен йоI сагIа деха араяккхар дастам, иэхье лору хIораммо а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG