ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Дукха ца ваьхнехь а, дуьненахь ваьхна со..."


Яздархо, политик Яндарбиев Зеламха.
Яздархо, политик Яндарбиев Зеламха.

63 шо кхаьчна нохчийн поэт, политик, Яндарбиев Зеламха вина. Генарчу Малхбале а кхаьчна, Кремлан хьадалчаша вийначу цо, шен сил дукха къам а дезаш, лийхира цунна маршо

Кху гезган машин беттан I2-чу дийнахь вина,исбаьхьаллин дош кхало говзанча,гоьваьлла байтанча,къомах,махках доглазархо Яндарбиев Зеламха.

Дейтта шо дIадаьлла Яндарбиев Зеламха воцу, цо исбаьхьаллин дош сица а, ойланца а литтаза, кхалийна, басарша хаздина лепоза, дешархочун кхеле дилланза.

Иза дIакхелхина бакъ дуьнене. Ма-дарра аьлчи, вийна, эккхийтар а нисдина.

Вийна и дийна мел ву нохчашлахь цуьнан цIе, байракхах тера, маршонан къилба а хилла ца лестийта, цуьнан цIарца йоьзна къоман кхетамехь маршонан алу ца сийсийта, гIийла богучу къуьданан санна бен яцахь а, серло ца серсийта, и сийлахь байтанча, хьуьнаре адам, бIокъажор доцу турпалхо хьокъехь, цхьангге а мерза, лазаме дегайовхо ца кхабийта.

Яндарбиев дIаваккха сацам бинчарна моьтту хир ду I4 шо хьалха шаьш Iожалле кхачийнарг политик ву. Иза буххера харц хиларх даре до цуьнан байталло.

Яндарбиев Зеламхин байталлин бармин баьрччехь,тергаме ца эца амал а доцуш, бов лаьтташ Даймахках, цунна тешаме хиларх, доьналла-къонахаллех, хьомечу ненах байташ.

Уьш мел дукха елахь а яц цхьаъ вукхунах тера етталуш а, хьан цкъа хьайина, лестина ойла карлайоккхуш а.

Уьш даима а бен-бен ю, башхалла йолуш ду байтанчо пайдаэцна басарш а. Васташ кхуллуш, исбаьхьа суьрташ «дохкуш» Зеламхас комаьршша «кегийначу» басарех.

Ткъа хьо-м вара, нагахь оьшуш хилча,

Дуьненна а тIера ваха кийча,

Вала эшча-м кхана, тахна ,хIинцца,

-И дийр долуш вахарал а сийлахь.

Хьо-м ма вара, хьо – ма вара!

Амма Хьо дIаваха-кх,

буьтуш къаьхьа лазам:

ДУЬТУШ ЦХЬА А ЛАДАМ БОЦУ БАХЬНА…

Ас хIун алий, берзабе хьох кадам?

Эр ду бакъдерг: хьо илланча вара.

Хазчу дашна дIалуш дерриг са а;

Эр ду,къонах вара,вехаш вара-

Минот кхаччалц халкъан дуьхьа кхалха…

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG