ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнца юкъаметтиг латторе кхуьйкху Кремлан дипломато


Германин арахьарчу гIуллакхийн минитсра Штайнмайер Франк-Вальтера дIахьедина, Оьрсийчоьно Шемин диктаторна Башар Асадна тIекаре латтор дуьненна а кхераме ду, аьлла. Шоьтадийнахь арадевллачу немцойн газеташа довзуьйту Штайнмайеран къамел. “Дуьненанна юкъарло лелон ца торуьйтуш ю Оьрсийчоьно хIоттийна ситуаци”- аьлла цо.

ПIераскана Кремлан коьртачу дипломато Лавров Сергейс даредира Оьрсийчоь Шемин Iедална герзаца гIодеш хилар, иштта цо кхайкхира Iамеркан Штаташ Оьрсийчоьнца юкъаметтиг латторе, иза латаяхь цакхетамаш а хир бац, элира Лавровс. Цхьанатоьхначу Штатийн президента Обама Барака оццу дийнахь аьлла, Вашингтоно зуьйр ду Оьрсийчоьно Шемахь лелориг, Асад чIагIван гIертар эрна ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG