ТIекхочийла долу линкаш

Къилба-Сахалинскан гIалин кхело цигарчу прокуроран Перченко Натальин арз толлуш, экстремизмалле ду Фатихьа а, кхидолу Къуръанан аяташ а аьлла тIеэцначу сацамо карзахбаьхначу Оьрсийчуьрчу бусулбанийн аьрзнаш ца дуьйшу хIинца а.

Оьрсийчохь бехачу бусалба динехь мел болчу наха тахана шуьйра дийцаре беш бу Къилба-Сахалинск гIалин суьдо бина сацам. Iедалан балхахь болучара а, боцучара а хаамийн гIирсашкахула а, шайлахь а, лартIа а ца хеташ, цхьа йоккха ледарлонах тера, йийцаре еш ю низамхоша, бусалбашна Къуръан къахьдан Iалашо лаьцча санна шайна магийтина «маршо».

Бусалба нахха-м стенна буьйцу цу сацамо иза челакха, Iовдал хIума лоруш а холча хIиттийна ур-аттал кхечу динан векалш а. Масала юкъараллин дахаран а,динан а хIайттархочунна, лахарчу тIегIан мозгIарна Кураев Андрейна инзаре акхалла ларрал новкъадеъна Къилба-Сахалинск суьдо динарг.

«Иза лартIа кхел яц, иза инзаре цIарматалла ю. И кхел йинарш я Iовдал бу, я бакълена а ямартхой а, питанчаш а бу. Кхечу агIор олийла дац».

Ишта дIахьедар дина мозгIаро Кураевс . Цунна хетарехь Оьрсийчоьнан низамаш хийца дезаш ду.

«… гIалин а, кIоштийн а суьдхойн бакъо хила ца еза динан хьокъехь йолчу литературан мах хадо. И болх бан охIла болуш,шуьйра хаарш а долуш говзанчаша хила беза. Цхьана суьдхочун я прокуроран дераллин а, аьрталлин а закъалтхо хила ца йогIу ерриг пачхьалкх». Герггарчу барамехь цу кепара дIахьедар дина Кураев Андрейс.

Нохчашлахь а дукха нах бу цуьнчух тера дог-ойла йолуш. Цара кхеторехь миллионаш бахархошна доза а доцуш деза а,перза а долчу къурIанах я кхечух хьакхалуш дерг «нисдан а,литта а» бакъо хила ца еза могIарерчу суьдхойн. И хьажам болчех ву, пхийттара ваьлчахьана а цхьа ламаз ,марха ца дуьтуш схьавогIуш волу суьпа стаг соьлжагIалахо Намурзаев Хьасан а.

Хьасан: «ХIуьттаренна бина бацахь кхин бахьана ца го суна оццул Iовдал сацам бан. Массо кхетар волчу маттахь аьлча Къилба-Сахалинск суьдо къурIан доьшуш берш а экстремисташ бу боху.

Цара Аль-Фатихьат сура юкъара аят зуламе ларар бисмалла а деша бохург санна нисло. Вуьшта аьлча цу суьдо бусалбан нахана ламаз дар а доьхкуш ду, Деле гечдар доьхуш доIанаш дар а нажжаз до оцу сацамо.

Сайн аьллар хилча ас цу суьдхочунна, цигахь хиллачу прокурорана а кхел йойтур яра. Цул сов цу суьдхошкахь цу кепара сацам бан бакъо йита а ца езара массо меттах ваьлла а.

Кху Оьрсийчохь волчу 20 миллион сов бусалба стаге шайн дин дита бохург санна хIума ма ду иза. Соьга хаьттича бакълена а йилбазан амале вирзинчо бен бийр бац и тайпа сацам. И гIуллакх кIорггера талла а дезара соьга хаьттича,стенна аьлча оцу цхьана зудчунна-суьдхочунна дагадеъна Iай те и аьлла шеек ву-кх со».

Къилба-Сахалинск гIалин суьдо къурIан тIера масех аят зуламе лоруш бинчу сацамах дийцина соьлжагIалахо Хьасан санна хьажам берш чот йоцуш дукха бу.

Царна даггара теша лаьа пачхьалкхан кеуьйгалхоша кхиндIа йолчу ханна и саннарг ца хилийта,эшахь низамаш хийцар биста кхаччалц, леррина гIулчаш йохур ю аьлла. Бакъду шеконца и тайпа хьажам тIеоьцурш а бу ба-м.

XS
SM
MD
LG