ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Костромарчу харжамийн жамIаш хууш ду


Оьрсийчоьнан бахархоша меттигашкарчу Iедалан харжамаш тергонехь кхаьбнехь а, эшамца бирзина уьш оппозицина. Ерриг а пачхьалкхехь, даима а санна, алсамбевлла Iедалерчу «Цхьааллин Оьрсийчоь» партин векалш. Царел дуккха а кIезиг хаьржина Iедале коммунисташ, либерал-демократин, «Нийсонан Оьрсийчоь» партийн кандидаташ.

Костромахь, еккъа цхьаьна меттехь харжамашна герга битина хиллачу оппозицин Парнас блокан векалша кхаьжнаш ца баьхна 2 процент гергга бен. Ткъа оцу кIоштахь Iедалан партино схьаэцна 52 процент меттигаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG