ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ОвхIанистанерчу набахтина тIелатар дина


ОвхIанистанерчу ГIазни гIаларчу набахтина тIелетта, полисхой а байина, бIеннаш тутмакхаш мукъабаьхна тIалибаша. Оршоьтан Iуьйранна молханах юьйлина машен а эккхийтина, тIелеттачу церан аьтто баьлла набахтин керта кхача, хаамбина ГIазни провинцин губернаторан гIовса Ахьмади Мохьаммада.

Цо бахарехь, 400 лаьцна кхобу стаг ведда, царех 80 гергга лаца аьтто баьлла Iедалан ницкъийн. ТIелеттачех вийна 7, полицех – 4. ТIеман барам дIабаьхьнарг ТIалибан юйла дIахаийтина цуьнан пресс-гIоьнчас Забиуллас. Цо бахарехь, шайн лаамехь кхо стаг иккхина набахтин керта некъ боккхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG