ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тоьшаллаш а долуш, Iедало лаьцна банкашкара ФИФА-н 121 ахчан хьост


Коррупцин бух охкуш, дуьненаюкъарчу футболан юкъараллин ФИФА-н долара хIусамаш, кхиболу бахам цунах дIахербина Швейцарерчу Альпашкахь оцу пачхьалкхан инарла прокурора Лаубер Майклан омрица. Лаубера бахарехь, оьшшучул тоьшаллаш а долуш, Iедало лаьцна банкашкара ФИФА-н 121 ахчан хьост. Цхьаьнатоьхначу Штатийн инарла прокурора Линч Лореттас а дIахьедина, Iамерко а кечдина коррупци яржорна алссам нах леца бахьана луш тоьшаллаш, аьлла. Ша кхаьънаш эцарна декъахь вац аьлла маситтаза дIахьединчу ФИФА-н куьйгалхочо Блаттер Зеппа ша шегара дарж дита кийча ву баьхна дукхазза а.

Iамеркан юстицин департаменто лаца магийначу 14 даржхочуьнца вац Блаттер. Ткъа оцу 14 стага 24 шарахь шаьш болх беш эцна кхаьънаш бу боху 150 миллион доллар. 2018-чу а, 2022-чу а шерашкахь хила дезачу дуьненаюкъарчу футболан къовсадаларшна меттигаш къастош эцна аьлла хета талламчашна ФИФА-н куьйгалхоша кхаьънаш. 2018-чу шарахь Оьрсийчохь хиле еза чемпионат, нагахь санна иза низамхоша бакъонца къастийна ду аьлла сацамбахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG