ТIекхочийла долу линкаш

МухIажиршкара бала дика бевза нохчашна


Austria --Chechens from Austria brought food in refugee camp, Vienn, 14 September 2015

Austria --Chechens from Austria brought food in refugee camp, Vienn, 14 September 2015

Европан мехкаша шайн дозанаш дIакъовлале сехьабовла кхиина мухIажирш пачхьалкхийн а, меттигерчу нехан а орцанах боьзна Iаш бу. Царна гIодечарна юкъахь бу немцошлахь беха нохчий а. „Австрерчу нохчийн нанойн цхьаьнакхетараллин“ векалш бахнера Трайскирхенерчу мухIажарийн куьпа рогIера сагIа эцна.

КIиранан сараххьий, оршоьтан Iуьйранний цхьаъ вукхунна тIаьхьа шайн дозанашкахь хадар юхаметтахIоттон хIиттина цхьамогIа Европера пачхьалкхаш.

Цкъа хьалха уггаре а доккхах дакъа мигрантийн шена кхаьчна а, кхочуш а йолчу Германин чоьхьарчу министро дIахьедар дира, Австрица доза, Шенген барт юккъебаьллачул тIаьхьа дIадаьллачу берхIитта шарахь дуьйна маьрша хилла долу, хIинца юха а Iедалан ницкъашца лардийр ду, полисхоша таллам ца беш цхьа а машен тIех а йолуьйтур яц тахана-тховса дуьйна аьлла кIирандийнан делкъал тIаьхьа.

Оршот дийнахь ша шен Венгрица долу доза дIакъовлуш хилар хаийтира Австрино а, ткъа жимма тIаьхьа иштта дозанашкахь хадар юккъедаьккхира Чехино а, Словакино а. Цу пачхьалкхаш доза лардарехь полисхойх пайдаэцна ца Iаш, иштта эскархой а дIахIиттор болуш бу, тIеоьхучу мигрантех доза лардан. Хьело цу кепара голатохар Европин кIоргене кхача сатуьйсуш Венгре а, Греце а кхаьчначу эзарнаш мухIажаршна вуно шийла кхаъ бу. Церан кхоллам кхин дIа муха хир бу бохург цкъачунна хууш дац.

Цу юкъана дозанаш дIакъовлале сехьа бовла кхиина мигранташ а бу хIинцале а ши бIе эзар сов. Церан доккхах долу дакъа Германехь ду, ткъа шозлагIчу меттехь мигрантийн терахьца Австри ю.

Венина 40 чакхарма генахь Iуьллучу Трайскирхен олучу меттерчу лагерехула чекхдолу цу махка кхаьчначу мигрантийн доккхах долу дакъа. I800 стагана леринчу цу лагерехь баханчу беттанашкахь 5-6 эзар стаг гулвеллера, ткъа карарчу хенахь цигахь 3 эзар сов стаг ву, доккхачу декъехь тховкIелахь меттиг ца тоарна уьйтIахь тоьхначу четаршкахь хан йоккхуш.

Меттигерчу бахархоша масала доцу солидаралла а, къинхетам а гойтуш хIора дийнахь шортта тIеухург а, юург а латтайо царна. Бакъду, нагахь санна тIеюху хIумнаш карарчу хенахь цигахь болчарна сов а йолуш, кхачам белахь, юург ца тоьу Iедало дийнахь кхузза лучу кхачанах тешна Iен безачу мухIажаршна.

И хьал хууш Венехь кхоьллинчу „Австрехь бехачу нохчийн нанойн цхьаьнакхетаралла“ цIе йолчу зударийн вовшаштохараллин векалш бахнера Трайскирхене сурсаташца сагIа эцна. Цара цу кепара гIодаран акци дуьххьара дIахьош яц Трайскирхенехь а, кхечу Австрерчу мухIажарийн лагершкахь а. Даханчу аьхка а, карарчу гезга-машин баттахь а массийтаза хилла нохчийн нанойн цхьаьнакхетараллин декъашхой мухIажарш бол-болчехь гIо эцна бахана.

РогIерчу акцехь цаьрца гIодан бахана Венера нохчийн „Ичкерия“ цIе йолчу културан кхерчин белхахой а, ткъа иштта меттигера нохчийн кхиазхой а бара. „Ичкерия“ кхерчан куьйгалхочуо Исханов Хьусейна дийцира Маршо радионе, Венерчу вайнаха арабаьккхинчу некъах лаьцна.

Исханов: „Кху Австрехь кхоьллина керла зударийн цхьаьнакхетаралла ю, „Австрерчу нохчийн нанойн цхьаьнакхетаралла“ аьлла цIе а йолуш. Уьш нохчийн кегирзошца а, зудаберашца а вайн кхоман наноша кхетам-кхиоран белхаш а беш, царна вайн гIиллакхаш а, Iадаташ а, бусулба дин а Iамош, цул совнаха меттигерчу юкъараллийца цхьаьна болх а беш, гIо оьшучарна гIо-накъосталла а деш, и болх беш ю.

ХIинца кху Трайскирхене а баьхкина, кхузахь хазнесанна сагIа а даьккхина хIокхара. Кху лагерехь вуно дукха миска нах бу, яккхий халонаш а, баланаш а лайна нах бу кхузахь берш. Вайнах а бу царна юккъехь, шемахой а, иракъхой а, овхIанхой а бу. Царна массарна а динчух доккха сагIа а хир долуш, халонехь бу и нах, къаьстина юучуьнца кхачам ца хуьлуш.

Тахана а тхуна тхаьшна ган а ги и сурт. ЧIогIа дика акци а ю кхара тахана йинарг, кхул хьалха йинарш а. Цундела сан дехар ду массо а вайн къомах болчу нахе, шайн аьтто болчу агIор кхарна и болх беш гIо-накъосталла дахьара аьлла, кхаьрца Венехь зIене бовла йиш а ю шуна. Со суо а, „Ичкери“ цIе йолчу културан кхерчарчу сайн накъосташца кхарна хIара хIума дIасадоькъуш тхайга далучу агIор гIо дан веана ву“.

Хийлаза Трайскирхене гIо эцна баханчу нохчийн зударшна дика хууш дара, цига сагIийна хIума эцна баханчу нехан машен лагеран керта улле гIуртушехь, юучуьнга а, кхечу совгIаташка а сатессинчу къаьстина къоначу мигранташа гуо а бой, цхьа а къепе а йоцуш, яьхьнарг кегайеш а, къестош а, хIумнаш дIасаяржош а хьал хIуттийла.

Цундела шайн рогIерчу сагIадаккхаран акце боьлхуш цара шайца масех нохчийн кхиазхо вигинера, гIо дан. Царех цхьаъ ву I7 шо долу Венин вахархо Сатуев Сайд-Мохьмад. Шена а, шеца долчу берашна кхетам-кхиорехь а, эрна хан яйъарна метта гIо дан меттиг баларна а вуно пайдехьа хилира, цу акцехь дакъалацар, бохуш дуьйцу Сайд-Мохьмада.

Сатуев: „Тахана Трайскирхене дахнера тхо. Цигахь дукха адамаш ду, кхалла-малла а тоъалла хIума а доцуш, мацалла ловш. Царна шортта юург а, молург а эцна, дахана дара тхо. Венехь схьайиллина „Австрерчу нохчийн нанойн цхьаьнакхетаралла“ аьлла юкъаралла ю, цара йина акци яра хIара. Со а, сан доттагIий а кхарна гIо дан баьхкина бара.

ЧIогIа хазхийтира суна, тахана эрна арахь волавелла лелачул, цхьа дика болх бан аьтто бели-кх сан, аьлла, тхо кхара шайца дахкийна. Нохчи Австрехь латарций, девнаш дахарций бен буьйцуш ца хуьлу дукхахьолехь хаамийн гIирсашкахь, тIаккха тахана тхо иштта дика хIума дан цига дахана гича, тхо нохчи дуйла хиъча, цигарчу нахана чIогIа хазхетара. Даламукъалахь, кхин а сих-сиха йийр ю оха иштта акцеш“.

Кхунах тера

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG