ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЦIехьабоьрзуш бу диссиденташ-беларусаш


Даймахка цIавирзина махкахваьлла пхеа шарахь Украинехь ваьхна Белоруссера жигархо-диссидент Сивчик Вячеслав. Цунна аьчканекъан вокзале дуьхьалбаьхкинера нана а, зуда а, доттагIий а.

Сивчик Маршо Радионе элира, ша цIаверзар бутт баьлча Белорусехь хила безачу президентан харжамашца а, цигарчу оппозицин болх Оьрсийчоьно Украине агресси ярца доьзна хийца безаш хиларца а дозу, аьлла. 2010-чу шарахь Белоруссин президент хоржучу муьрехь оппозицина гIелоян йолийча ведира Сивчик даймахкара, ткъа Украинехь вара цуьнан суверенитет ларъечийн могIаршкахь.

И санна дIавахана, Чехехь вехачуьра цIехьавирзина белорус-диссидент Михалевич Алесь а. Уьш цIабаха некъ баьккхинарг ду Беларусан президента Лукашенко Александра цхьамогIа диссиденташна дукха хан йоццуш къинхетам кхайкхор.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG