ТIекхочийла долу линкаш

Оспанов Къосам

Йист

Са цхьа а йист йоцу некъ бина дели,
Бакъонца, малх хене бирзина бели.
Дог-пехех дуъзна йоьхь дакъийна вели со.
БIешерехь бина мохь текхийна вели со.

Вай къеста дезаш дуй ца хууш хилла со.
Вай къестар долуш дуй ца хууш хилла со.
Нах бууш нах буйла ца хууш хилла со.
Нах баа хьакъ буйла ца хууш хилла со.

Лергаха хIоз баккха каш даста воллу со,
ПIелгаха чIуг яккха каш даста воллу со,
Сайн кошан шозлагIа гIат даккха воллу со.
Аш сайна даьккхина каш даккха воллу со.

Доккхачу дуьненахь цIий, шурий къийсина,
ДIадекхар -- схьадекхар: кхерамаш тийсина,
Са цхьа а йист йоцу некъ бина дели.
Бакъонца, малх хене бирзина бели..

Оспанов Къосам гоьваьлла нохчийн байтанча ву. 1960-чу шеран лахьан-беттан 7-чу дийнахь Хьалха-Мартанан кIоштарчу СаIди-КIотарахь дуьнен чу ваьлла ву Оспанов Къосам. Цуьнан 17 шо кхачале Хьалха-Мартан кIоштан газетехь зорбане йийлина поэтан дуьххьарлера байташ. 1977-чу шарахь ваьлла иза СаIди-КIотарара юккъера школа чекхъяьккхина. 1979-чу шарахь эскаре гIуллакх дан ваххалц оццу школехь хьехархочун болх бина. Эскарера цIавирзинчул тIаьхьа а масех шарахь шайн юьртарчу юккъерчу школехь хьехархочун болх бина. Ткъа 1983-чу шарахь кхолламо Урале кхачаво байтанча. Магнитогорскехь чекхйоккху цо хьехархойн институт а. 1991-чу шарахь Уралера цIавоьрзу Оспанов Къосум. ХIетахь дуьйна Нохчийчохь зорбане мел долучу газетехь а, журналехь а луьста гучаюьйлу шатайпачу башхаллица къеста цуьнан байташ. Цу муьрехь зорбане дуьйлуш хиллачу «Маьлх-Аьзни» журнале балха хIутту къона поэт. Кхоллараллин гергарло тасало цуьнан «СтелаIад», «Вайнах», «Орга» цIе йолчу журналашца. Оцу журналийн агIонаш тIехь кест-кеста зорбане юьйлу Къосуман чулацаме байташ. Уьш билгалъюьйлу авторна кIорггера ненан мотт хууш хиларца, цуьнан хьалхарчу хьаьркаца дешархо цецвоккхий, чекхъяллалц байт еша сакIамдеш, йийсарехь латторца.

XS
SM
MD
LG