ТIекхочийла долу линкаш

Юсупов Iилман. Чаккхенга лестина, аьхке а дIаяха пана


Гуьйре Нохчийчохь, 2015

Гуьйре Нохчийчохь, 2015

Юсупов Iилман

* * *

Чаккхенга лестина, аьхке а дIаяха пана,
Хьаннашкахь чуоьгу шапаIат кхачийна гIаш…
Кадамбеш ю техьа безаман доIане кана,
Я дехар до-те цо, гуш вайшиъ херделла Iаш?..

Мехаша туьтту хьо гIаргIулийн могIаршна юккъе,
Цаьрца хьо дIаяххал шелбелла вайн ирсан мохк.
ТIунделла сатасар, даьгна де, наб йоцу Iуьйкъе -
Вайн ирсан кхо чов - ас дIоьхку, тIехьарчош дохк…

Сан вастан стогар кхин хьан деган корехь ца богу,
Хеди ахь ойланех дуьйцина сан ирсан тай…
Вайшиннан шовданан йист хIинца йочано огу,
Мажбелла шена тIехь хьан лараш ас лиэхна бай…

ХIинццалц ша хестийна мармаран хьан сибат лоруш,
Безаман иллино бекабо шен куьйса мерз…
Сан дагчохь ахь тесна битина синхаам боруш,
Ойланех чекхдуьйлу лайн хьожа шех кхетта дерз.

Бос хIинца сирлуш бу стигалан сийначу тожан,
Эсаро Iуьйренца дато до ахархойн кхаш…
Iа дохьуш догIучу мехашна мотт буьллуш можа,
Карзахе оьгуш ду, оьгуш ду гуьйренан гIаш…

Юсупов Iилман нохчийн поэт ву. Цо чекхъяьккхина Нохчийчохь юккъера школа а, А.А. Ждановн цIарах йолчу Ленинградан пачхьалкхан университетан историн факультет а. Белхаш бина школехь, газетийн а, журналийн а редакцешкахь, иштта Нохчийн Республикан Ичкерин дешаран а, Iилманан а министерствехь министран хьалхарчу гIовсан даржехь. Юсупов Iилман поэзин ворхI книгин автор ву: «Заманан мазлагIа» (1991), «Доьналлин маьждиг» (1997), «Иэсан гIу» (1999), «Нохчийн кхерч» (шведийн маттахь, 2011), «Илли а, мухIажаралла а» (гIазакхийн маттахь, 2015), «Хьан кхерчан суй» (2015), «Иэсаца къамел» (2016). Юсупов Iилманан байташ араюьйлу нохчийн, оьрсийн, украинхойн, болгархойн, шведийн, ингалсан, испанхойн меттанашкахь. 2001 шарахь дуьйна эмиграцехь ву иза. Карарчу хенахь Швецехь вехаш ву. 2015-чу шарахь Швецин пачхьалкхан яздархойн Союзо шен могIаршка дIаэцна Юсупов Iилман.

XS
SM
MD
LG