ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

МухIажиршца шийла ю Венгри


Сербехь гулбелла Малхбалера мигранташ, Венгрино шен дозанаш къевлинчул тIаьхьа Хорватин агIор Европерчу кхечу мехкашка кхача гIерта, Хорватехула чекх а бевлла. Кхаарийдийнахь мухIажирех йоьттина 10 автобус яхна Хорватерчу Сид гIалин агIор.

Рейтеро видео яржийна мигранташ, лечкъаш, хьаьжкIийн кхана юккъехула Хорватин агIор дIабоьлхуш. Амма хIинца хорватийн полици ю и нах лоьцуш, сецош. Шен Сербица долу доза чIагIдина Венгрино къохцал-сераца. Будапешто тIеман ницкъаш а тIехь мухIажиршна дуьхьалбахаро ирча сурт кхуллу, дIахьедина адамийн бакъонаш тергонехь кхобучу Амнести Интернешнло.

Ткъа Венгрин премьер-министра аьлла, ша керста Европа Iалашъеш ву бусулба нах чубаржарх. ХIара шо доладелчхьана Европе дIагIоьртинчу Шемарчу, Иракъерчу, ОвхIанистанерчу мигрантийн барам кхаьчна ах миллионе.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG