ТIекхочийла долу линкаш

Таджикистанехь эскархой вовшахлетта юха а


РогIера тасадаларш лилхина Таджикистанехь Iедалехьай, деношкахь вохийначу гIаттамхочун, тIеман министран гIовсан агIорхьарчуй дакъошна юкъахь. Леринчу «Альфа» декъан буьйранча полковник Амакиев Рустам вийна тасадаларехь Ромит чIажахь. Иштта вийна шинарийдийнахь кхин а цхьа альфахо а. Душанберчу полицин ницкъех шиъ лазийна.

Хьалхо даьржира гIаттам айбина тIеман министран гIовс Iийна Назарзода Iабдухьалим вийна аьлла. Амма иза бакъ ца до Маршо Радион Таджикистанерчу хьостанаша. Кху беттан 4-чу дийнахь иккхина дов. И долийна волу Назарзода салафийашкахьа ву, чIагIдо Iедало. Дуьххьарчу тIематасадаларехь эскархоший, полициной вовшех вийра 40 сов стаг.

XS
SM
MD
LG