ТIекхочийла долу линкаш

Кху муьрехь кестта-кеста даьржа вайнахалахь берашца къиза хиларх, уьш къа ца хеташ дIакхийсарх долу масалш. Цкъачунна бовлу иштачух эхь хетарш, хуьлучух дог лозурш. Ткъа иза а дIадалахь?...

ТIаьххьарчу шерашкахь кхоллалучу доьзалийн дай юьхьанца дуьйнна кийча ца хуьлу дахаран дукъ дуьззина тIеэца, олий хеза хийлачуьнгара, хуьлда иза нохчо я гIалгIа.

Цундела ду боху хьал гучара вайнахалахь битар-бахарш алсамдуьйлуш.

Дайша ма-аллара, дика доьзал кхиийнарг наха корта лекха лору. Ткъа олийла дац иза кху деношкахь ерриг а ГiалгIайчоь шех кхардийначу дех олийла.

Новкъа догIу миччахь а, доьзал боьхна аьлла хезча. ТIаьххьарчу шераша къасьттина гойту, доьзалш хIора дийнахь вовшахкъесташ хилар.

Дукха хьолахь, божарийн бехках нислуш хилар гучудолу, цара вовшашлахь дечу къамелашка ладоьгIча а. Ткъа иза олийла дац деношкахь ерриг а ГiалгIайчоь а йоккхуш масал даржийначух.

Ши кIант хиллалц магийна зуда, йита а йитина, керла нускал далийна ваха хиъна Несарара шина кIентан Мохьмадан, Сайфуллин да.

Берийн нанна, Мальсагова Хьавана, цо ша дийцарехь, балхахь доккху алапа лаьцначу хIусамах дIадаллал бен ца тоьъна. Шина кIентан хьашташ кхочушдан шен таро ца хиларна, цхьана ханна, аьтто хиллалц, аьлла, да волчу вахийтина цо ши кIант.

Ткъа да-м веха керлачу нускалца, боцуш гIайгIа шен берех. Ца хаьа цунна, юй церан тховкIело, яа-мала, кога юха, тIейоха.

Хьавас буса такси а лоций, да волчу хьажадо бераш. Вукхо неI ца йоьллу, я керлачу нускалх ца хIоьттахь а, я баккъал а берех шен безам беддехь а. Буьйса юккъе яххалц таксисто да волчу хохкуш, тIаккха нана йолчу хохкуш, ши кIант дIасалелаво, ден ков тухуш, ненан неI тухуш.

Буьйсанна иштта арахь висинчу шина кIантах, ден-ненан ца лезна дог лаза а даьлла, чоь юьззина шен бераш а кхиош ехачу лулахочо Аушева Азас тIеэцна Мохьмад а, Сайфулла а.

ГIалгIайчуьра масал юкъара ду нохчашна а. Нохчийчохь тIаьххьарчу заманахь дуккхаза а нахала бевлла дина бераш дIакхийсина наной.

И санначу хиламийн мах хадош дуккха а дуьйцу социалан машанашкахь, ватсапехь нохчийн зударша, божарша. Маршо Радиоца къамелехь маьттазчу оцу кепийн мах иштта хадийра шен ойла йовзийта лиинчу Австрерчу Iайшата.

Iайшат: «Нохчийчохь доьзалш къестар алсамдаьлла. Къаьсттина бала бусу берашка, да-нана къаьстича. Къандаллалц цхьаьна даьхча, доьзал кхион гIерташ, аттачу гIуллакх ма-делли, вайн божарша зуда юьту, керахь-куьйгахь доцуш, пусар доцуш, аракхусу. Бераш цо шеца дIадуьгуш делахь а, "сан доьзал дIабигна-кх оцу зудчо, ас гIо дан деза-кх царна", олий, цхьа а стага гIо ца лоцу шен берийн.

Тахана дIакъаьстиний, юкъахь доьзал а болуш, дас гIо дан деза, доьзал ненаца белахь, "уьш-м шайн ненаца бара", аьлла паргIат вала ца везара да. Шен доьзалх жоп дала да ву декхарийлахь. Деца бераш дисинехь, нана ю декхар, и бераш кхиош дена гIо дан".​

Дай-наной тайп-тайпана хуьлу. Цхьаберш берех ца бовла тIо биинчех хуьлу, вуьйш шаьш дай-наной хилар диц а лой, дуьненан самукъаненехьа бовлий, еха.

Нисло шен доьзалхо мехах вухкуш йолу нана а. Цул а къиза, нехаш кхуьйсучу яьшкичу х1инцца дина шен бер кхусуш ерг а карайо.

Х1етте а, шаьшиннан дегахь-ненехь безам, марзо алсам яьлла, тахана социалан-реабилитацин хIусамехь, кхечу берийн санна хIусам, да-нана а хиларе сатуьйсуш веха Мохьмад а, Сайфулла а.

XS
SM
MD
LG