ТIекхочийла долу линкаш

Цкъа катоьхча, кхо лом лоцу Бексолта (Туьйра)

Цхьа зудий, стаггий хилла дехаш-Iаш. Цу шиннан Бексолта бохуш кIант хилла, куьйга тIехь: "Цкъа катоьхча, кхо лом лоцу Бексолта", - аьлла дешнаш а долуш. И кIант дийнахь а чуьра аравала ваьхьаш ца хилла.

- Кхунах вайшинна кIант хир вац: пхийтта шо кхаьчча а, я дийнахь а, я буса а аравала ца ваьхьча, вайшиъ хIара ларвина дер дац, - аьлла, барт а бина, Бексолта хьуьнах дIакхоьссина дас-нанас. Хьуьнхахь, попан боьххье а ваьлла, Iаш хиллера Бексолта, ша барзлош вахьарна кхоьруш.

Цхьана юьрта оьхуш, адамаш дойуш, лелаш хиллера цхьа борз. Оцу юьртара нах и борз ен а ца баьхьаш лелачу хенахь, талла арабевллачу нахана Бексолта карийнера попа тIехь Iаш. Охьа а воссийна, Бексолте хаьттина таллархоша:

- Ахьа хIун леладо, хьо хIун стаг ву? - аьлла.

- Со-м хьуьнах лоьмаш леца веанера, - тIиэра йоза царна гурриг куьг дIакховдийна Бексолтас, нахах кхеравелла.

Бексолта карийна баккхий беш, кхаьънаш дохуш, вадийна шайн юьрта вигина цара кIант: "Ва, цкъа катоьхча, кхо лом лоцу Бексолта карийна вайна; кхуо юьйр ю вайн юьрта оьху борз", - бохуш. Юьртахоша Бексолтийна дика герз а кечдина, уьш бахана борз ларъян хьуьнах.

- Борз йогIу йолче со кIелхуур ву, аша борз тIеталла, - аьлла, уьш дIа а хIовсийна, Бексолта попа тIе ваьлла, барзо ша вахьарна кхоьруш.

ХIинцалца санна, юьрта чу йогIу борз попа кIел кхоччушехь, охьахьаьжча, догкIадделла, Бексолтас тIе а воьжна, букь кагбина охьайиллина. Ша йийна борз текха а еш, эвла чу веана иза.

- Ой, муха йий ахь хIара? - аьлла, чIогIа тамаш бина дийнна юьрто а.

- И сайна тIекхоччушехь, цIеххьана катоьхна схьалаьцначу аса, саттийна кагйира иза, - аьлла Бексолтас. Боллучу а махкана вевзаш, цIейоккхуш стаг хилла Бексолтех. Юьрто чIогIа дозалла деш хилла цунах. Цул тIаьхьа цхьана юьртаца тIом хилла Бексолта вехаш волчу юьртахойн. ТIаккха цара хаттар дина Бексолте, хIун далур дара техьа аьлла.

- ТIом балур бу вайга! Соьга говр къастаяйта, рема схьаялае, - аьлла Бексолтас. Дечка хьостам а эцна, ремина юккъехула волавелла Бексолта, говрашна и Iуьттуш. Хьостам Iоьттича, дIаэккхарг юьтуш, дIавоьдуш цунна хьостам Iоьттича, дIа ца эккха говр карийра. Кхуьнан дагахь хилла, ша тIамна тIаьхьа вуьсу агIо езаш, кIеда говр лахар. Ткъа Бексолтина нисъелларг мелхо а, тIаме хоьхкуш, тIамах йоьлла говр хилла.

ЧIогIа тамаша бина юьртахоша Бексолтина тIаме хихкина йолу говр йовзарх. ХIорш тIамна кечбелла, тIамтIе дIабоьлхучу хенахь, мостагIий-тIемалой гучу ма-бевли, тIамана чухьаьдда Бексолтин говр, юьртахой тIаьхьа а буьтуш. Ша говре дIа ца вахьийта, лаьтташ йолчу шина дечгана юкъа хьовзийна Бексолтас шен говр. Дехьийсехьий катоьхна ши дечиг схьа а лаьцна, и шиъ кхин дIа ца хоьцуш, озийна бухъяьккхина Бексолтас. ТIаме лело Iемина йолчу говро оцу буьрсачу тIамана юккъехь и ши дечиг хьийзийна, доллу мостагIий эскар хIаллакьдина.

ТIамтIехь толам а баьккхина, юьртахой Бсксолтийцана цIабирзина. Цуьнан бертаза цуьнгара даьллачу шина хьуьнаро дуьненчохь цIеяккхийтина Бексолтин: "Цкъа катоьхча, кхо лом лоцу Бексолта", - аьлла. Цу цIарца ваха хиина Бексолта.
XS
SM
MD
LG