ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ширван-Шах. (Туьйра)


ШИРВАН-ШАХ

Адамашца къиза хилла Ширван-Шах. Шен каравеъна гIийла-миска стаг а, сагIа доьхуш верг а вуьйш хилла цо.

Цкъа иштта сагIадоьхург гIопа веъчи иза ве аьлла, цо шен гIароле.

СагIадоьхарго дехар дина:

- Со вен ма вехьара ахьа, суна массо а олхазарийн а, акхаройн а мотт хаьа.

Паччахь цецваьлла. СагIадоьхарг ца вуьйш витна цо. Шен везир схьа а вехна, цуьнга омра дина паччахьо:

- Цуьнга хьайна акхаройн, олхазарийн мотт а Iамабайта. ТIаккха суна айхьа Iамабе.

Визира миска стаг ша волчу дIавигна. Цунна олхазарийн, акхаройн мотт цо хаьийла а, ша кIелхьаравала цо иза аьллийла а хууш хилла визирна. Цо миска стаг дIавахийтина.

Хийла хан а яьлла. Цкъа цхьана буса той дина Iеш хилла Ширван-Шах. Гена йоццуш шиъ бухIа хилла екаш. Паччахьана дагавеъна олхазарийн мотт хуург. Цо визире хаьттина:

- Олхазарийн мотт Iамийри ахьа оцу стагера?

- Iамийра, - жоп делла визиро.

- ХIун боху оцу шина бухIно?

Визиро жоп делла:

- Оцу цхьана бухIанан йоI ю. Вукхуьнан кIант ву. Захлу дуьйцуш ю и шиъ. ЙоьIан дас боха «ВорхI бIе яссаелла юрт ахьа ца елчи, йоI маре лура яц ша». КIентан дас боха «ворхI бIе яссаелла юрт аса хьан цхьана йоIна елчи, вукха зуда яло дезаш волчу ялх кIантана зударий балийчи аса мичара лур ю еса ярташ?»

ЙоьIан дас боха: «Нагахь санна Ширван-Шах дийна висахь, кхин цулла ярташ хIаллакйина Iийр вац иза».

- Со иштта къиза ву ала гIерта хьо? - оьгIазвахана Ширван-Шах.

- Ца гIерта дера со-м. Оцу бухIнаша боху-кх иза, - жоп делла визира.

Цул тIаьхьа цхьа кIеззиг къинхетаме хилла Ширван-Шах.

XS
SM
MD
LG