ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьогаллий, жIаьлий. (Туьйра)


ЦХЬОГАЛЛИЙ, ЖIАЬЛИЙ

Кха тIехь дахка ловзош доллура цхьогал. Цунна гIаддахана, шена герга кхаьчна жIаьла ца гора цхьогална. ЦIеххьана тIекхетта, цхьогал схьалецира жIаьло.

- Цкъа лодогIахьа соьга, пхьу-кIеза, - хьастаделира цхьогал, - хаьа суна, сайн Iожалла кхааьчнийла, ахьа суо вовшахдоккхур дуйла. Вуьшта, оцу делан эхарта дахале, сан цхьа дехар кхочушдехьа.

- ХIун дехар ду иза?

- Хьуна ма-хаъара, оцу дехкашца мостагIалла долуш ду тхо цхьогалийн тайпа. Цкъа со дIа а хеций, соьга цхьа дахка лацийтахьа, кIордадаллац и ловзор бара ас. Цул тIаьхьа хьайна луъург дийр ду ахьа сох.

ЖIаьло ойла йира. ХIинца хIара соьгара кIелхьара дала аьтту болуш а дац. Суна хIун хуьлу хIокхо дахка ловзорах.

- Лаца хьайна дахка а. ХIилла а дай, дада ма гIорталахь ас кескаш туьйсуьйтур ю хьох, - дIахийцира жIаьло цхьогал.

ДIа а, схьа а кхоссаделла, кха тIера дахка а лаьцна, дахка ловзо доладелира цхьогал. Хьалхарчу когаца дахка лаккха хьала а кхуьйсуш, кIел хьодий, схьалоьцуш, шен Iуьрган бертехьа дIадахара цхьогал. Цига ша кхаьчча:

- Хьажалахь, аса хIара дахка мел лекха кхуссу, - аьлла, дахка лекха хьала а кхоьссина, жIаьла цуьнга хьалахьожжушехь, Iуьрга иккхира цхьогал.

ЖIаьла кхийтира шена хIилла дан цхьогало лелийначух. Iуьрган берте а хиъна, цхьогале дехар дира цо:

- Хьалададахьа, цхьогал, хьо дика а дай. Ма чIогIа сакъераделлера сан ахьа и дахка ловзош. Кхин а ловзабехьа иза.

- ХIокху чуьра хьала а даьлла, кхин и ца ловзо-м хала хьаха дацара. Тохара и ловзош сайна хиллачух а дацара со башха доккхадеш.

- Делахь хIета, ас таллархо валор ву. Цо цу чохь кIур а бина, аратосур ду хьо, - аьлла, дIадахара жIаьла.

- Iуьргара хьала а къедда, тIаьхьа мохь туьйхира цхьогало.

- Дика гина гIан ду. Ахьа таллархо валоре хьоьжуш кху чу а хиъна Iийра ду моьтту хьуна со?

Iуьргара хьала а даьлла, дедда дIадахара цхьогал.

XS
SM
MD
LG