ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьогал а, воккха стаг а. (Туьйра)


ЦХЬОГАЛ А, ВОККХА СТАГ А

Варшахь мангал хьокхуш воллура воккха стаг. Кхуран IиндагIехь бара цуьнан меттан-мотт. Хи чохь зока а, тIо чохь кхийран гуьмалк а, юург юкъахьарчийна шаршун шед а битинера цо кхуран IиндагIехь.

Тебаш, кхура кIел деара цхьогал. Гуьмалках хьожа яха хIоьттира иза.

- Кху чохь цхьа башха хIума ю, схьахетарехь, - корта гуьмалка чу боьллира цхьогало.

ГIаддахана тIо бууш доллура иза. Мац а велла, хьаг а велла, са а даIа, хIума а яа, хи а мала, кхура кIел веара воккха стаг. Шен гуьмалка чу корта а боьллина, тIо бууш доллучу цхьогалх бIаьрг кхийтира цуьнан.

- Ватталхьа! Ватталхьа! - аьлла, тIекхетта схьалецира воккхачу стага цхьогал. Цкъа хьалха тIехьара ког куллан кондарх дIабихкина, коьртах йоллу гуьмалкх озийна схьаяьккхира цо.

Цхьогалан корта тIайша буьзна кIайн бара. Бетах мотт хьоькхура цо.

- ХIун таIзар дан воллу хьо, воккха стаг суна, дIа-м дихкинера ахьа со? - дистхилира цхьогал.

- Ахьа, тIо а биъна, меца витина со. Хьуна гIаж етта воллу-кх.

- Биъначу тIайна дуьхьал сайн цIока елчи дуьтий ахьа со. Йоккхачу стагана кетаран кач бан дика ма ю хьуна иза?

- Цу тIехь хьо харц ца лоь. Хьо дIадихкина сан карахь ду. ЦIока ас хьуна тIера йоккхур ю.

- ЭхIей, воккха стаг, хьекъал эшна хьан. Ахьа гIаж тоьхча, суна тIера цIока эккхар ю, чо телхар бу. Хьайна пайдехь дерг ца хаьа хьуна а.

- Хьуна гIаж ца тохарх-м со Iелур ву.

- Делахь хIета, хьайна луъург де сох а, сан цIоканах а.

- Ас хьо цIа дуьгур ду.

- Цхьана баттахь, тIо а баош, ахьа со кхаьбча, чо шар-м лур бара сан.

- Воккха стаг, сарралц мангал а хьаькхна, цIа ваха кечвелира. Цхьогал шеца цIа дига, куллан кондарх дIатесначура схьадостуш воллура иза.

- И чуха тIехьарчу когара схьа а яккхий, коча тасахьа, хьуна тIаьхьа а хIоьттина, атта догIур дара со, - элира цхьогало.

Воккхачу стака, чуха коча таса дагахь, тIехьара ког схьа ма-баьстти, дIакхоссаделла цхьогал, юьстах а даьлла, дIахIоьттира.

- Воккха стаг, тIаккхахула хьуо вогIуш, и тIо бертиг шуьйра йолчу гуьмалка чохь балахь. Ша-шаха караеъна хIонц иштта атта карара а ма ялийталахь, - аьлла, дIадахара цхьогал.

XS
SM
MD
LG