ТIекхочийла долу линкаш

ХЬЕРАН ХIУР БАА ДАХНА АКХАРОЙ

Туьйра

Мац а елла, ижунна араяьлла лела борз цхьогална тIекхаьчна.

- Де дика хуьлда хьан, сан доттагI, цхьогал. Хьо стенна арадаьлла? Ахьа хIун леладо? - хаьттина барзо.

Борз меца хуьлу дела, цо ша даарна кхоьруш, цхьогало хIилла хьовзийна:

- Со-м хьо лоьхуш лелара. Ма дика ду-кх хьо карийна.

- ХIунда бохура ахьа?

- Цхьа мулк* карийна суна. Эвлан йистера хи а хаьдда, хьер хIоьттина. Хьеран хIур** баа даха деза вай.

- Сов бакъахь ду. Со чIогIа меца а ю, - цхьогална тIаьхьахIоьттина борз. Ча дуьхьалкхетта цу шинна.

- Де дика хуьлда хьан, къена ча. Хьо стенна араяьлла, ахьа хIун леладо?

- Со, мацъелла, напгIа лоьхуш ю-кх.

- Ой, схьатIаьхьахIотта. Эвлан йистера хи а хаьдда, хьер хIоьттина. Хьеран хIур баа гIур ду вай.

- Сов бакъахьа ду. Со реза ю, - аьлла, тIаьхьахIоьттина къена ча.

ЧагIалкх дуьхьалкхетта царна. ХIорш ца гучуха, кондаршна тIехьа охьа а таьIна, къайлаяла йоьлла иза.

- ДIа ма лечкъа, тентак. ЦIога гуш ду хьан! Хьо стенга яха араяьлла, ахьа хIун леладо? - хаьттина барзо цуьнга.

- Ватта, шу дара уьш сан доттагIий, сан хьомсарнаш! Бехк ма биллалаш, шу акхарой а доцуш, таллархой ду ма моьттинера суна. Со дера йоьду хин йистехьа, ност йойна а, тIам кагбелла а гIаз я бад карайойла хьажа. Церг дIатоха хIума йоцуш йисна, цхьа чIогIа сагатло сан, цхьа чIогIа меца ю со.

- СхьатIаьхьахIотта тхоьца, муьста хьожа йогIу тентак. Эвлан йистера хи а хаьдда, хьер хIоьттина. Хьеран хIур баа гIур ду вай.

- Со реза ю хIур баа. Кхин а реза хира яра дум баа, - царна тIаьхьахIоьттира чагIалкх.

МаьркIаж-хан хиллалц эвлан йистехь коьллаш тIехьа къайлехь а лаьттина, хIоьттина лаьттачу хьеран неIарге хIиттина акхарой.

- Чохь стагга а вуй техьа? - лохха вовшашка хаьттина цара.

Хьеран тIулг аьгна а ваьлла, хIоъ нисбеш воллу хьеран хьархочо шекваьлла, ладоьгIна. НеIаре даьхкинарш акхарой дуйла хиъна цунна. Шегара жIов а буйнахь хьеран дай чу лечкъина иза. Меллаша ког гIортийна барзо неIарх. НеIаран сагIа цIевзина, амма неI дIа ца еллаелла. Меллаша ког гIортийна чано а. НеIаран кIажа иккхина, вуьшта неI дIа ца еллаелла.

- Собар, собар де! Суна хаьа дан дезарг, - ога хийра долчухула чу ког а бахийтина, чухула тесна зайл дIабаьккхина цхьогало.

НеI дIа а йиллина, акхарой чудахана. ДIатIехьаьдда чай, борз гуьйна чуьра жарж баа хIоьттина, чагIалкх чами тIе мотт хьекха доладелла.

Чай, борз жарж биъна яьлла. Цхьогал, хьеран хIур биъна даьлла. ЧагIалкх мотт хьоькхуш, чами цIанбина яьлла. "Кхин хIун ю техьа кху чохь?" бохуш, гондахьа хьийса девлла акхарой.

ТIехьарчу когаш тIе ира а хIоьттина, хьеран дайх*** хьалатасаелла ча. Дайн йистах тесначу хьалхарчу кога тIе "тIох" аьлла жIов тоьхна хьархочо.

- Вай сан ког! - мохь а болуш, охьаиккхина ча.

Цунна хилларг хIун ду ца хууш, хьалатасаелла борз. "ТIох" аьлла аьрру кога тIе жIов тоьхна, чуйоссийна хьархочо борз а.

Цхьогал хьалатасаделла. Дай чу хьажа дагахь, муцIар чукховдошшехь, оцу муцIар тIе жIов тоьхна, багара цергаш а эгош, охьачудожийна хьархочо цхьогал.

- ХIинца рагI хьоьгахь ю, муьста хьожа йогIу чагIалкх, - дада кийча неIарехьа гIоьртина цхьогал, бетах мотт а хьоькхуш.

Цхьогална хилларг шена ца хилийта бат кхоош, Iункар а хIоьттина цIога дай чу кховдийра чагIалкхо. Хьархочо катоьхна цIога схьа а лаьцна, чIогIа шок туьйхира.

Кхераделла, аралилхира акхарой. Вай дезачунна ма хуьлда цигахь чагIалкхана хилларг... Ча аьтту когана астагIа а теIаш, цунна тIаьхьахIоьттина борз аьрру когана астагIа а лелхаш, лазийна бат агIор сеттош цхьогал, царна тIаьхьа а хIоьттина, шен даьккхина цIога дагахь долуш, тIехьа хьожуш чагIалкх а йолуш, юха хьуьнчу дуьйлира акхарой.

- Изза хуьлу-кх къолах гIоьртича, - элира чано, доккха са а даьккхина. - ГIо шайна хIинца шайна йиллина ижо лаха.
-----------------------
* Мулк (й-й) - бахам, даьхни

** ХIур (б-) - хьерахь ялта аьхьча, юьсу чан

*** До (б-д) - хьаьжкийн ларма

XS
SM
MD
LG