ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIарагIули а, цхьогал а


ГIарагIули а, цхьогал а Юххехь Iap-дахар нисделла гIарагIулин а, цхьогалан а. Дика лулахой а хилла laш хилла уьш. ГIарагIули, шена бен а бина, xloaш тIе хиъна. Хан-зама яьлча, кIорнеш даьхна цо. Цхьогало а кIезий дина. XIop Iуьйранна гIарагIули сатоссуш ижуI лаха йоьдура, ткъа цхьогал цIахь дуьсура, цуьнан а, шен а берашка а хьожуш, дан дезарг а деш. ГIарагIули дIа ма яхханехь, цхьогало гIарагIулин кIорни схьа а лаьцна, корта а хьовзийна, ур-атталла цхьа даьIахк а ца юьтуш, дIакхаьллира. ГIарагIули цIа еъча, доьхна хьаьвзира цхьогал: — Ва, гIарагIули, ма чIогIа вон деъна-кх вайга! — элира цо. — ХIун хилла? — хаьттина гIарагIулино. — Вайн цхьа бер дайна, стенга дахана а ца хууш. Аса массо а меттахь лийхира и, суна цхьаннахьа а ца карийра. — Хьенан кIорни дайна? — хаьттира гIарагIулино. — Ой, вайниг дайна-кх, вайниг, — элира цхьогало. — Хьайниг дайна я сайниг дайна? — Еха ворта а, еха настарш а йолуш дерг дайна. Кхийтира гIарагIули шен кIорни дайний. Цхьогал дукха чогIа холчухIоьттина хьаьвзича, гIарагIулино элира: — Са ма гаттаде, хилларг хилла даьлла, иштта яздина хилла-кх вайн кIорнина. — И бакъ ду, — тIетайра цхьогал, — иштта кхоллам хилла-кх цуьнан. ШолгIачу дийнахь гIарагIули юха а Iуьйранна ижу лаха яхана, ткъа цхьогало, сихха схьалаьцна, дIакхаьллира гIарагIулин шолгIа кIорни а. ГIарагIули цIа еъча, чIогIа доьхна, холчухIоьттина, делхха доллуш, дуьхьал а даьлла, хаам бира цхьогало, кIорни дайна, аьлла. ГIарагIулина хиъна, юха а шен кIорни дайний, холчухIоттарх кIорни юхадерзалур дац, бохуш, цхьогал тедан гIертара и. — Массо а хIуманна делан лаам бу-кх, — элира цо. — И бакъ ду, — тIетайра цхьогал. — Делан лаамца къиссалур дац. ТIехула моттаргIанаш а лелош, гIарагIулин кIорнеш дайна, шена чIогIа халахетта кеп а хIиттош, къайллах, гIарагIулех цадешаш, делакъежара цхьогал. Масех де даьлча, массо а гIарагIулин кIорни диина делира цхьогал. ХIинца, гIарагIули кара муха йогIур яра те, бохуш, ойла йора цо, и кхочушдан аьтто а лоьхура цо. Цхьана дийнахь гIарагIулино цхьогале аьлла: — Хьажахь, цхьогал, сан массо а кIорни дайна, ткъа хьан кIезий, шайна ижу а лоьхуш, даккхий хилла. Вайшиъ хIун деш Iа чу а хиина? Цхьажимма дуьнене бIаьрг тоха яха еза вайшиъ, дуккха а хаза хIуманаш гур ду вайна. — Стенга гlyp ду вай? — хаьттира цхьогало. — Стигала хьаладевр ду вай, — жоп делира гIарагIулино. ГIаддаххана деладелира цхьогал: — Ой, со хьала муха долу стигала? Сан тIемаш ма дац. — Хьан цахиларх, сан ма ду, — аьлла гIарагIулино. — TIexaa суна, цхьаьна стигала хьаладевр ду вай! Дукхе-дукха хазахетта, тIетайра цхьогал цо бохучунна: чIогIа лаьара цунна, стиглахь хIун ду хаа. ГIарагIулина цхьогал тIе ма хиъинехь, цо шен деха тIемаш дIаса а даржийна, и шиъ стигала хьаладаьлла. Вуно лакха хьала а яхана, цигахь хаьрццина тIекIалъяьлла гIарагIули. Цунна тIехь долу цхьогал, хеца а делла, охьадогIуш хилла. Цунна улло а еана йогIучу гIарагIулино хаьттина: — Цхьогал, во, цхьогал, хIун гира хьуна стиглахь? — алла. — Э-э-э, гIарагIули, — жоп делла цхьогало, — стиглахь дуккха а хаза хIумнаш дара, амма цхьаъ вон ду — схьалаца, тасадала хIума яц цигахь! — Ахь хIун дуьйцу! — аьлла гIарагIулино. — ХIун дийр ду тIаккха, массо а хIуманна а делан лаам бу-кх! Делан лаамца къиссалур дац. Далла диначунна реза ду-кх! Цхьогал лаьттах а кхетта, делла. Иштта бекхам бина гIарагIулино шена тешнабехк биначу цхьогална.

XS
SM
MD
LG