ТIекхочийла долу линкаш

КЕРЛА ЮРТ ЙИЛЛАР Туьйра ЖIаьлий, котам-нIаьний, вовшашца барт а бина, керла юрт йилла хьуьнах дахара. - ХIокху меттехь юрт юьллур ю-кх вайшимма, - аьлла, курра ког а тухуш, сецира нIаьна. - Юрт муха юьллу вайшимма? Диг а дац, жIов а яц, я цхьа а гIирс а бац. - И ахьа боху гIирс хилча-м декъазчу гIезо а юьллура яра юрт. Хьо лиэташ угIа. Со кхойкхур ю. Кхузахь юрт ю моьттуш, адам схьагуллур ду. ТIаккха кхузахь юрт хир ю. - Делахь хIета, со летар ду. - "Iав-Iав, Iав! Iав, Iав, Iав!" - лета хIоьттира жIаьла. НIаьна, кхоссаелла дитта тIе хьала а яьлла, кхайкхира; Iуь-Iаре-Iу-у-у! Iуь-Iуре-Iу-у-у! - бохуш, жIаьла юьстах а даьлла, куллан кондарш кIел охьадижира. НIаьна кхойкхуш хезна, цхьогал схьа а деъна, дитта кIел дIахIоьттира. - Хьо хIун деш Iа, буьххье а яьлла, схьа охьайосса, дагара дуьйцур ду вайшиммо, - элира цхьогало, цунна хьесталуш цIога а лестош. Цхьогалан хIилла девзаш йолчу нIаьно гаьн тIера охьа а ца юссуш жоп делира: - Юрт юьллуш ду тхо, - аьлла. - Хьо кхайкха хIунда кхойкху, ерриг хьун а екош? - Декъашхой схьагулбеш. - Со цхьа декъашхо схьакхаьчна-кх хIинца. Охьа а йоссий, схьадустал делахь суна догIу дакъа. - ДIо кондаршна кIел вижина Iуьллу кху юьртан тхьамда. И сама а ваккхий, цуьнга схьадустийта, - цхьогал кулла тIе хьажийра нIаьно. - ХIей, юьртан тхьамда! - аьлла, цхьогал хьалха дIахIуттушехь тIекхетта жIаьло хьакхийра иза. Халла цунах кIелхьарадаьлла, дедда юьстахделира цхьогал, дIаэккхашехь катоьхна жIаьло цIога а доккхуш. - Хьо дIа хIунда уьду, ва цхьогал, юрт юьллуш декъа ца догIу хьо? - хаьттира нIаьно. - Ца догIу, дера. Юьртан тхьамдано тIевеъ-веанчун, сайниг санна, цIога даккхахь, шун цунах юрт а ма хир яц, - аьлла, дедда дIадахана цхьогал.

XS
SM
MD
LG