ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Макка яха араяьлла къена борз


МАККА ЯХА АРАЯЬЛЛА КЪЕНА БОРЗ

(Туьйра)

Ижо лаца ницкъ боцуш, ша къеналла кIелйисча, хIилла дан дагадеара барзана. Цхьана кога астагIа а лелхаш, меллаша йолаелла йоьдура кан тилла къена борз. Эвлан йистехь ежаш йоллучу сирчу говрана тIеIоттаелла иза.

- Ахьа хIун леладо, хьуна хIун оьшу, ва къена борз? - хаьттира говро.

- Дуьненчохь айса йоккху зама къинош летош яьккхина аса. ХIинца, яла гергаяхча, иманчу еъна, къинойх цIанъяла Макка яха араяьлла со.

- Нехан рагIу кIелхьарчу сайри* чуьра сискалгIа диъна, кертара гIодмийн такхораш дохийна, аса а летийна къинош, со а йигахьа хьайца Макка.

- Дера ю хьо а юьгур-х. Схьа тIаьхьахIотта - аьлла, говр тIаьхьа а хIоттийна, йолаелира борз.

Бежах тIаьхьадисначу шинарина дуьхьалкхийтира и шиъ. Шинара, кхераделла, дедда юьстах а даьлла, сецира. Барзана тIаьхьахIоьттина йоьдучу сирчу говрах цец а даьлла, хаьттира цо:

- ХIей, сира алаша, хьо хьераяьлла я иэгIийна? Хьо хьанна тIаьхьахIоьттина йоьду? И борз юйла ца хаьа хьуна? Iехийна юьгий техьа хьо цо?

- ХIинццалц ша летийначу къиношна дохкояьлла, далла гIуллакхаш дан Макка яха новкъаяьлла хIара. Къинош тIера даха со а кхуьнца яха йоллу.

- Шортта дажа меттиг боллушехь арахь дийначу ялташна тIекхийдина, аса а летийна къинош. Со дан мегар дарий шу шинца? - хаьттира шинаро.

- Дукха дика мегар ду. Схьа тIаьхьахIотта, - элира барзо.

Борз хьалха а йолуш, цунна тIаьхьахIоттина сира говррий, цIиэн шинарий долуш, дIайоьдура и гIера. Еха маIаш йолу месала бож дуьхьалакхийтира царна. Борз тIекхетахь а аьлла, лата кечлуш маIаш дуьхьал а ерзийна, йистхуьлуш сецира бож.

- Аша хIун леладо? Шу стенга даха арадевлла?

- Тхо къинош тIера даха Макка даха арадевлла. Хьо йогIий тхоьца ?

- Дера йоьгIу. Со а ма ю цхьакIеззиг къинош летийна.

- Схьа тIаьхьахIотта - элира барзо.

Бож а царна тIаьхьахIоьттира. ХIинца-м елла дIаяллалц даа напгIа кара деънера суна - бохуш, йоккхаера борз. Котаман нIаьна дуьхьалкхийтира царна.

- Аша хIун леладо? Шу стенга даха арадевлла, тIаьхьий, хьалхий а хIиттина? - хаьттира цецъяьллачу нIаьно.

- Тхо къинош тIера даха Макка даха арадевлла. Хьо йогIий тхоьца?

- Дера йоьгIу. Нехан котамашна тIаьхьауьдуш, аса а ма летийна къинош - аьлла, царна тIаьхьахIоьттира нIаьна а.

Цхьана дакъаделлачу гаьнна тIе а хиъна, гIайгIане гIийла Iачу гIиргIанна** тIе Iоттаелира Макка яха новкъаяьлла и тоба.

- ХIай, шу ма чIогIа вовшахкхетта! Шу стенга даха арадевлла? - хаьттира гIиргIано.

- Тхо, къинош тIерадаха, Макка даха арадевлла. Хьо догIий тхоьца?

ГIиргIано ойла йира. Со меллац деха а ца хаьа, дера ду аса айса летийна къинош тIерадаьхча бакъахьа.

- Со а догIу шуьца - тIаьхьахIоьттира гIиргIа а.

"ХIуп-хIуп-хIуп! ПIиж-ж-жакъ! ХIуп-хIуп-хIуп! ПIиж-ж-жакъ!" - бохуш, екаш Iачу хIуттутана тIеIоттаелира Макка яха новкъаяьлла тоба.

- Хьо хьаьнга кхойкху? Ахьа хIун хилла боху? - хаьттира шена кара еъначу мулкана*** кураяьллачу барзо.

- Со кхойкхуш яц. Шу сел дукха вовшах кхетарна цецъяьлла, екаш ю.

- Тхо къинош тIерадаха Макка даха арадевлла. Хьо йогIий тхоьца муьста хьожа йогIу хIуттут?

- ЙогIу дера-кх. Шу а гIур дацара цига цхьа хIума доцуш - аьлла, тIаьхьахIоттира хIуттут а.

Тоххарехь ша дага лаьцначунна барзо билгалъяьккхина шира гIота**** яра цхьана варшахь*****. Цу гIотана берте дIакхаьчча, хаза эсала йистхилира борз.

- ЛадогIал, сан хьоме доттагIий! Ламаз карахь доцуш Макка дахар гIиллакхехь дац. Аса тIаьххьара къа латийна а, со дохкояьлла, иманчу еъча ламаз иэцна а меттиг ю хIара. Цу чу а гIой, массара а ламаз карладаккхал. Сан ламаз карахь ду. Цул тIаьхьа новкъа девр ду вай.

Сира алаший, цIиэн шинаррий, месала божжий, котаман нIаьний, моккха гIиргIий, хIуттуттий гIоти чу яхара. Борз, гIотанан берте а хIоьттина, йистхилира цаьрга:

- ЛадогIал, къинош летийна Iеса хIуманаш! Кхана къематан дийнахь шуна хиндочунна со юкъара яц. Амма дуьненчохь аша летийначу шишша къинна аса гечдийр ду шуна, бакъду, кхозлагIчунна гечдийр дац. Сира алаша, жоп лол суна, йолчу дас хIоъ баош, докъар даош, хи малош, тIе куьг хьоькхуш хьуо кхоббушехь, кирна йоьжча, амал а лоций, ворда дIа цаозар хIун гIиллакх ду хьан?

- Гечдехьа суна, хIай сийлахь борз. Аса хIинца дуьйна лелор яц и амал.

- Дика ду, цу цхьана къинна аса гечди хьуна. Жоп лол делахь, когех баргол а ца тухуш, хьуо эвла йисте яжа дIалаьллича, йолчу дега юха схьацалацийтар хIун гIиллакх ду хьан?

- Гечдехьа суна, хIай сийлахь борз. Аса хIинца дуьйна лелор яц и амал.

- Аса цунна а гечди хьуна. Жоп лол делахь: йолчу дас эвлан йисте яжа дIалаьллича, хьан хIун бакъо яра, юха юьрта а яхна, нехан кертара гIодмийн такхораш дохо, сайри чуьра сискалгIа даа? - аьлла, яа чохь сацийра барзо говр.

Шинарина тIе кхечира рагI.

- Схьахьажал цIиэн шинара! Шортта яа буц йоллушехь наха дийначу ялташна тIекхийда хьуна хьан бакъо елла? Дийцал суна!

- Со кхин кхийдар дац нехан ялташ тIе. Гечдехьа суна хIай сийлахьниг - аьлла, хьастаделира шинара.

- Мегар ду. Цу цхьана къинна аса гечди хьуна. Жоп лол делахь, бежа юккъера дIа а къесташ, дийна делккъехь юьстах хIунда дуьйлу хьо?

- Гечдехьа суна. Аса кхин летор дац и къинош.

- Дика ду. Цу къиношна а аса гечди хьуна. Жоп лол делахь. Суьйранна, бажа цIа богIучу хенахь, хьо бежах а къаьстий, цкъа-цкъа тIаьхьа хIунда дуьсу? Соне дIахилал цIениг, хьох а аса сайна пхьор дийр ду - аьлла, чохь сацийра барзо шинара а.

ХIинца рагI соьга кхечи-кх - бохуш, гIайгIайне оллаелла лаьттара бож.

- Схьа герга таIал, маж-дада. Хьо полкан командир а яц. Аса хаьржина хIоттийна хьаьким а яц, гуттар жана хьалха яьлла хIунда лела хьо?

- Гечдехьа суна, кан тилла борз. Хьан таIзарх кIелхьараялахь, кхин ер а яц со я хьлха а, я тIаьхьа а.

- Цунна аса гечди хьуна. Жоп лол делахь, хьо юьртан къеда а яц, я мурдийн тхьамда а яц и маж стенна лелайо ахьа?

- Гечдехьа суна, ира цергаш ерг, кху балех суо кIелхьараялахь дIалоргуьйтур ю аса сайн маж.

- Цунна а аса гечдо хьуна. Кхоссалой берда тIе хьала а йолий, бухарчарна тIе луьсташ****** хIунда детта ахьа? ДIахила соне! - Бож а чохь сацийра къеначу барзо.

- Схьа герга хилал нIаьна. Дийцал. Цу дала сатосучу заманчохь диллина хьуна кхайкхар, хIетте а цкъацкъа маьркIажан хенахь хьо хIунда кхойкху?

- Гечдехьа суна и къа аса латорна. Кхин кхойкхур яц со маьркIажан хенахь.

- Дика ду. Цунна аса гечди хьуна. Жоп лол суна. ХIоранна цхьацца зуда кхаба бакъо елла. Ткъа хьан уьш иттех ю. Хьуна хьан елла дукха зударий кхийла бакъо?

- Гечдехьа суна, сан сийлахьниг. Аса кхин летор дац и къинош а.

- Цунна а аса гечдо хьуна. Оццул дукха зударий хьайн боллушехь, кхин иэхь а ца хеташ, лулахочун зударшка дог хIунда хоуьйту ахьа? ДIахила соне. Аса хьох а сайна пхьор дийр ду.

НIаьна а чохь сацийра барзо. РагI гIиргIане кхечира.

- ХIахIане, гIиргIа, хьо илланча а дац. Хьуна йиш лакха а ца хаьа, я шок тоха а ца хаьа. Гуттар мохь бетташ, гIовгIа хIунда йо ахьа?

- Гечдехьа суна буьрса экха. ХIинцачул тIаьхьа аса кхин йийра яц хьуна и гIовгIа.

- Мегар ду. Цу цхьанна къинна аса гечди хьуна. Дала хьуна диллина хьозий, дехкий даар. ХIетте а къеначу бабин нана-котамна тIаьхьара кIорнеш хIунда дуу ахьа?

- Иза а сан бехке бу. Аса кхин дуур дац уьш.

ХIинца-м массо а суна бехкала яхнера хIорш - аьлла, майра яьллера борз.

- Хьо уьрда тIе хIу тосуш а дац, я хелхарна бохь бугIуш а дац, даиманна гуотуьйсуш тIехула хIунда хьийза хьо? ДIатаIа соне! - ижонна чохь сацийра барзо гIиргIа а.

РагI хIуттуте кхечира.

- Муьста хьожа йогIу хIуттут, схьахилал хьо суна герга. Хьуна хьан бакъо елла коьртахь паччахьан куй лело?

- Сулима пайхмара шен куьйга коьрта тиллина-кх суна хIара - аьлла, барзана дозалла а деш, яьIна а сеттош, куро жоп делира хIуттуто.

- Тешаш буй хьан и бакъ дийр долуш?

- Бу те.

- Муьлаш бу уьш?

- Цхьа ерстина гIаз, нана бад.

Барзо ойла йира! - эхIе. ХIара декъаза хIума суна цкъа дIакхаллал бен яц. Хьаха еза аса, тоьшаллина схьа а ялаяйтина, ерстина гIаз, нана бад яа.

- Схьабалабел, мичахь бу и хьан тешаш? - Барзо хIуттут араялийтира.

Таллархочун жIаьлешна гергахьо охьахиира хIуттут. ЖIаьлеш цунна тIехьаьвдира. Цигара гIаьттина гIотанна герга еара иза. ЖIаьлеш а, леташ, цунна тIаьхьадевлира. ГIотана хьалхалаьттачу барзах бIаьрг кхетча, чухьаьдда каетташ, борз хьакхийра жIаьлеша. Халла церан карараяьлла борз, едда, юьстахъелира.

- Реза юй хьо аса балийначу тешашна? - хаьттира хIуттуто.

- Реза ю. Аса дагалаьцначу доIига терра ду-кх хьан тешаша ден долу тоьшалла а, - аьлла, дIаяхара борз.

Къинош тIера даха Макка яха араяьлла сира говр а эвлан йисте яжа дIаяхара. ЦIиэн шинара а цIа дахара, месала бож а жана хьалхаяла дIаяхара. НIаьна а, гIадъяхана, кхайкха хIоьттира. ГIиргIа а гIаьттина тIехула хьийза доладелира.

- Кхин ма тешалаш тешам боцчух, - аьлла, гIаьттина яхара хIуттут.
_______________

* Сайр (б-д) - ялта чохь латто доккха тIорказ, ларма

** ГIиргIа (д-д) - дилха дуу олхазар, жимуо дегI долу куьйра

*** Мулк (й-й) - бахам, даьхни

**** ГIота (й-й) - гуонах керт а йолуш, уьстагIашна кечъйина меттиг

***** Варш (д-д) - юькъа хьун йолу меттиг

****** Луьст (б-д) - кхелли

XS
SM
MD
LG