ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Матто йина чов. (Туьйра)


МАТТО ЙИНА ЧОВ Чаной, стагий доттагIалла тесна. Чане хьошалгIа кхайкхина стаг. Хьешана той дина. - ЭхI, ма боьха хьожа йогIа цунах! - аьлла хIусамнанас ча йолчухьа туйнаш а тесна. Ча дегабаам а бина дIаяхна. Цул тIаьхьа, цхьа хан яьлчи, диг а эцна хьуьнах вахна стаг, дечиг а даккха, чанах бIаьрг а тоха. Ча доьхьалъяьлла цунна. Шен доттагIа гичи хазахетта мараиккхина иза. ТIаккха хьастаелла. - И хьайгара диг тохахь сан коьртах аьлла цо. Стага диг тоха ца тигна. Чано боккъалла а чIогIа тIедожийна шена диг тохар. Стага ца тоьхчи ца волуш диг тоьхна чана коьртах йоккха чов а еш. Шен дечиг а даьккхина цIавахна иза. Цхьа бутт баьллачу хенахь юха а хьуьн чохь вовшахкхетта стаггий, чай. Чан корта тобелла. Цо стаге аьлла: - Хьажал гой хьуна, хьан дагаро сан коьртах йина чов дIайирзина. Хьан зудчо маттаца йина чов дIаерза туьгуш яц.
XS
SM
MD
LG