ТIекхочийла долу линкаш

НИХА МЕЛЛАЧУ ШИНАРИН ИЛЛИ

Туьйра

Мацалла гIад дайна къена борз, кхин ижо кара ца еъча, шинар лаца эвлан йисте гIоьртина. Борз, тебаш, герга гIерташ гича, шинаро илли аьлла:

Со гуттар а кхузахь ду,

Тайша старгIа ерстина ю,

Варшахь ежаш йоллу и,

Барзана даа пхьор ду и.

- ЭхI, сан мулк. Шинар гуттар а кхузахь хир ду. Старах дерг хууш дац. Иза хьалха баа беза, - аьлла, цIога а лестош, цхьа мекара хьесталуш, шинарна герга яхана борз.

- Сан доттагI шинар, хьо дика а дай, хьо хаза а дай, дийцахьа, хIун илли дара ахьа аьлларг?

- Ой, хьо хезаш яцара? Них меллачу шинарин илли дара-кх.

- ХIун дара ахьа аьлларг иллийца?

- МаьIна дан ца хаьа хьуна, ва тентак? Хъекъал дедда хьан? Меца хир ю хьо. Аса дера бохура, со мичча хенахь кхузахь ду. Со них мелла дехна ду. Амма дIога, шух бежаш боллу сту чIогIа берстана бу. Болчу дас наггахь бен ца лоллу иза бажа дIа. Карараболий - юха хир бац. ХIинца дуьтий, пхьор хир дац.

- ЭхIей, елла яла со! ХIинца кхета со ахьа бохучух. Хьо чIогIа хьекъал долуш хьайба хилла. Со тIаккхахула а йогIур ю хьох дагаяла. Кхузахь хилалахь, сан хьомениг, варелахь, - аьлла, борз старна таба яхана.

Шух бежаш боллуш хилла къена сту. Старна ца гуш герга гIорта аьтту а ца хилла, цIога а лестош, хьесталуш герга яхна цунна борз. Иштта хIилла а дина, цIеххьана иза шена тIекхета йоллийла хиъначу старо барзе аьлла:

- ЭхI, ма дика ду-кх хьо суна орцах кхаьчна. Сан ден дас аьлларг харц хила доллу техьа бохуш сагатлора сан.

- ХIун аьллера цо?

- Хьо къанбелла, кIелбиса герга баханчу хенахь кан тилла къена борз йогIур ю тIе. Цуьнга хьаьжа юккъе мотт хьакхийталахь аьллера цо. Гой хьуна, хIинца со оза бу, дегI дечиг санна чIагIделла, пхенаш ийзадо. Ахьа хьаьжа юккъе мотт хьаькхча, чо баьккхинчуьра даьтта а долуш, со берстар бу. Хьакхахь суна, сан доттагI, хьаьжа юккъе мотт.

"ЭххIей, - аьлла дагадеара барзана, - къеначу стеран жижиг декъа хир ду, тоьхча церг а ца леташ. Хьаха беза аса хIара, кхуо ма-боххура, хьаьжа юккъе мотт хьаькхна къон а бина, чо баьккхинчуьра даьтта долуш, барста а бина баа", - аьлла, старна хьаьжа юккъе мотт хьакха хьалха дIахIоьттина борз.

Старо, цIеххьана чукхоссабелла, маIаш Iоьттина барзана, шиъ пIенда а кагбеш. Цигара едда кIелхьараяьлла, шинарна бекхам бан яхара борз. Ткъа шинар тоххарехь дедда шайн цIа дахана.

- Кхечунна бан дагалаьцча, шех боьдуш хилла-кх тешнабехк, - аьлла, шен гIуллакх хир доцийла а хиъна, нехан эвлан йистера дIаяхна кан тилла къена борз.

XS
SM
MD
LG