ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хаал, йоккха муьлха хилла. (Туьйра)


ХААЛ, МУЬЛХА ЙОККХА ХИЛЛА

ВорхI ламанал дехьа кхевдий бежаш, ворхI ламанал сехьа кхевдий хи молуш боккха сту хилла. Стигала морхашкара охьа чу хьаьддачу аьрзуно мIарашца катоьхна бадийна морхашка хьалабаьккхина иза.

Сту охьа а биллина баа меттиг лоьхуш го тийсина аьрзуно. Жаца ежаш йолчу йоккхачу божах бIаьрг кхетта цуьнан. Оцу божан маI тIе охьабиллина цо сту. И сту биъна а яьлла дIай-схьай хьоькхуш цо зIок цIанъечу заманчохь зIакарх тасаделлачуьра дIакхоссаделла оцу стеран пханар божан можа кIел вижна Iуьллачу жаIун бIаьрга дахна.

Сту биъна а яьлла, зIок а цIанйина, тIемашца гIаьттина дIаяхна аьрзу.

ЖаIу кхано самаваьлла. БIаьрго сагатдеш куьйга хьакхийна цо. «Цхьа хIума яхна-кх сан бIаьрга» аьлла хетта ша жера цIавеъчи шен зуда хьажийтина цо.

«Хьан бIаьргах даьIахк санна цхьа кIайн хIума йоллу» аьлла, схьаозийна зудчо. Схьа ца яккхаелла. Лулахой а балийна схьа озаяйтина, схьа ца яккхаелла.

ЖаIу вехаш ерг исс эзар цIе йогуш йоккха шахьар хилла. Оцу шахьарахь аьчкаца а дечигаца а пхьол деш мел волу пхьар схьа а валийна, пханаран цхьана йистах сто дугIуш варзапаш етташ доккха Iуьрг даьккхина. Цунах аьчкан зIенаш а тесна оцу исс эзар цIе йогачу шахьарахь мел волчу стага озийна, жаIуьнан бIаьргара схьадаьккхина пханар.

«ЭхI, далла хастам бу, ма паргIатбели сан бIаьрг» - аьлла, жа дажо дIавахна дан Iу. Иза паргIатваьккхаран хьурматна, и исс эзар цIе йогу шахьар оцу пханарий тIехь йиллина наха.

ХIора буьйсанна шахьар дIай-схьай хьийзош хилла. Шахьарахь дехачу адамийн синтем байна. Уьш шахьар йохарна кхерабелла. «ХIун ницкъ бу техьа шахьар меттахъяхалла берг?» - аьлла, буьйса ларо бахна шахьарахь бехаш болу нах. Меллаша тIедеъна цхьогал оцу пханарийна тIехь дисначу жижигах тасаделла. Жижиг схьаийзош цо пханар меттахдохуш хилла. Циггахь тоьпаш етташ дийна цхьогал, шайна хуьлуш болчу бохамна орцах бахначу наха.

Цхьана агIор цIока схьаяьккхина наха. Вукха агIор цу шахьарахь мел долу адам тасаделчи а цхьогал карча а ца делла цIока йисна. Iуьйранна хи тIе яхначу жоьра-бабас чамийн йоьхьиг Iоьттина цхьогал карча а дина: «ХIара хьаха ю сан кIантана кетар ян дика» аьлла йисна ах цIока цIаеъна. Наха дIаяьхьначу эха цIоканах, оцу исс эзар цIе йогачу шахьарахь мел долчу адамана кетарш, куйнаш тегна.

Жоьра-бабас ша дIаяьхначу эханнах кIантана кетар тегна. Амма ши пхьош дан цIока ца тоьъна цунна.

Хаал, царех йоккха муьлха хилла?

(Бож хилла йоккха)

XS
SM
MD
LG