ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнна дуьхьал керла санкцеш


Шаьш толлур ду луларчу пачхьалкхо юкъаяьхначу керлачу санкцеша шайна ден зен, аьлла Оьрсийчоьнан премьер-министран гIовса Дворкович Аркадийс, Украино 400 сов Оьрсийчуьрчу вахархочунна а, 90 сов хьукматна а дуьхьал дIаяхйина санкцеш, РИА Новости агенталло бинчу хаамна комментари еш.

Киево санкцеш ханна ша кхидIа а яхъяр дузу Донбассехь сепаратистийн лидеро Захарченкос бутт баьлча меттигера харжамаш дIабахьа сацамбеш буьйр арахецарца. Цуьнан хьокъехь Украинан президента Порошенко Петрос дIахьедина, гIаттамхоша кхерамна кIел хьо Минскехь машарехьа бина барт, аьлла.

Украинехь тIебогIу бутт бовш хила беза меттигера харжамаш. Царел хьалхалелхаш нисло Донбассехь сепаратисташа дIахьонболу харжамаш.

Украинан президентан сайта тIехь керлачу санкцийн декъа язбина сепаратистийн хьалханчаш, Оьрсийчоьнан пачхьалкхан думин цхьаболу депутаташ а. Компанешлахь ю кеманашца нах дIасалелабен Аэрофлот, Касперскийн компьютеран технологийн лаборатори, Газпромбанк а, Москохан Банк а.

XS
SM
MD
LG