ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Махкарчу гIаттаман орам лоьху Таджикистано


Пачхьалкхера ведда къайлаваьлла вехачу Таджикистанан исламан политикан партин лидеро Кабири Мухьиддина даре ца до ша цигарчу Iедало дахначу кIиранах эскаршлахь иккхинчу гIаттамна коьртехь вара бохучун.

Маршо Радионе интернетехула ша бинчу хаамехь цо яздо, «Ас данне а бакъ ца до со я сан парти оцу бохамна бух биллинарг ву бахар».

Кху кIиранах Iедалан ницкъаша гIаттам айбарна вийна тIеман министран гIоьнча Назарзода Абдухьалим ир-кара хIоттийнарг Кабири вара аьлла Таджикистанан прокуратурано еарийдийнахь. Исламан Партин Iедална дуьхьалхIотта 20 тIемалойн тоба кхолла Iалашо яра, бохура мехкан инарла прокуроро.

Юккъерчу Азехь исламан политикан боламех уггаре йоккханиг ю Кабири Мухьиддинан парти.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG