ТIекхочийла долу линкаш

Пакистанехь 16 стаг вийна тIаалибаша


Пакистанерчу Пешаварехь тIеман куьпна тIелеташ уллерчу маьждигчуьра 16 стаг вийна тIалибаша, хаамбина Исламабадо. Пакистанан эскаран пресс-секретара Баджва Селама даржийна, пIераскана тIалибашца тIом беш маьждиган кхо хехо а, эскарера цхьа эпсар а вийна, аьлла.

ТIелеттачех вийна 13, оццу хьостано чIагIдарехь. Пакистанан тIалибаша тIеэцна бехк. Орцанна кхаьчначу чохь лелош стаг воцчу кеманаша тохарш а дина, вийна кхин а кхо тIалиб, боху эскархоша.

XS
SM
MD
LG