ТIекхочийла долу линкаш

Мигранташца къийсалуш ю Балканашкахь полици


Эзарнашкахь чубаьржинчу мигранташца къийсалуш ю Балканашкахь полици. Цкъачунна массарел жигара дуьхьаллаьтта Евробертан декъашхо Хорвати. Цигарчу ницкъаша шайн махка Малхбалера хьалхина нах кхачарна бехке лору дуьхьало малйина аьлла шайна хета Венгри. Хорватин премьер-министра Миланович Зорана, дIахьедина, шайн махко некъ лур бу мигранташна кхидIа Европе дIабаха, аьлла.

Ткъа цул тIаьхьа мигранташна болу некъ шайн махка кхочуш хиларна, Хорвтига бехк баьккхина шен къамелехь Венгрин векало Ковач Золтана, «лойла дац мухIажиршна и некъ", аьлла. Иттаннаш эзарнашкахь цкъа цхьаьна, тIаккха вукху мехкан дозанаш а хедош, дIаоьху Малхбалера мигранташ Европан чоьхьарчу мехкашка, доккхачу декъанна, Германе, Австре.

XS
SM
MD
LG