ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Суьдхочун стенна ю дин литта бакъо?..


Хила езий Оьрсийчохь Iедалан хьукматийн карахь шайна ма-хетта бусалба дин литта боху хаттар даржийна Къилба-сахалинерчу кхело Къуръанан аяташ а т1ехь экстремизм лоруш сацамбаро.

Кхин тIетоха а,тIекхолла а хьашто а йоцуш, Къилба-Сахалинан гIалин суьдо къурIан тIера шина сурин юкъара аяташ бахьнехь,уьш зуламе,экстремистан маьIна-чулацам болуш лоруш бина сонта сацам бахьнехь, синтемах бохийна эзарниш бусалба нах. Ма-дарра аьлчи, ницкъала герзаш а диттина, самонах йохийначу цхьана юрт-гIалахь санна гIовгIа яьккхина Малхбалерчу низамхочо йинчу цу кхело.

Цо,цу сацамо, жима а,воккха а,могIарера вахархо а,Iилманча а- массо цхьабосса карзахваьккхина. Нохчийн юкъараллехь а,Оьрсийчохь а дика вевзаш ву юрист,Iилманан кандитат, ООН-ехь адамийн бакъонаш ларьярна жоьпе йолчу говзанчийн тобанан декъашхо,еххачу хенахь федералан а,конституцин а суьдхо лаьттина Гериханов Ихван.

Иттаннаш,бIеннех цхьаъ ву иза Къилба-Сахалинехь бинчу сацамо инзарваьккхинчех. « Ша а.ОЬрсийчоьнан кхин а миллионаш бусалбан динехь болчу бахархойх хьакхалуш хIара кхел йина Сахалинехь,- боху Ихвана.-…текст юкъахь хьуламе кхайкхам бу къепедацарш, экстремизман чулацам болу, дуьхьалонан хамтала хIумнаш леладарна тIехьажийна. Иза суьдана хетарехь юкъараллина кхераме ду,экстремизм къобальян а сахьт доцуш….».

Ишта яздина Гериханов Ихвана интернет машанехь. « Нагахь санна и йоза, массо кхеташ волчу адамийн матте даьккхича,къурIан мел доьшуш верг: масала «Аль-Фатихьа», «Аль-Джин», «Аль-Хадж», «Аш-Шура» иш. кхин дIа а сураш юкъара аяташ, уьш доьшуш берш низам талхораш бу,вуьшта аьлча пачхьалкхан дIахIоттам боха гIерта экстермисташ».

Цу кепара,доьшуш волчунна хаза неха санна карзахе тIеIаткъам а беш, Къилба-Сахалинан суьдо динарг кхин хилча ца маггал челакха а,Iовдала а сацам хиларан хьокъехь тоаме тоьшаллаш далийна Гериханов Ихвана. Цо махкахой а, дуьненан массо маьIIехь нийсоне а,бакъоне а са а туьйсуш мел беха могIарера нах и сацам юхаэццалц самоне бехха.

Ша юрист-говзанча хиларе терра Гериханов Ихванан дIахьедар, кIорге а йолуш, кхачаме хетарна далийна цуьнан дешнаш. Ткъаннашкахь,цIарца охьабагарбан йиш а йолуш,махкахь бевзаш болу дукха бахархбой бу,маьлхан дийнахь догIанца тоьхначу къорано санна цу сацамо цецбаьхна.

Иштачех бу байтанча, Iилманча Яралиев Юсуп а, яздархо Атсаламов Идрис а, Хаджимурадов Iаьйнди, Цуцаев Iалавди а,Хатаев Хьусайн, Ахматов Iалавди а ишта кхин а.кхин а.

Къилба-САхалинан гIалин бина сацам шатайпа кхеториш а бу кхузахь. Царна хетарехь пачхьалкхера чолхечу хьолах бахархой ца кхиийта делахь а,я кIелдиллина кхин хIума делахь а, къайлахчу сервисан урхалло,бусалбаниш ир-кара хIитто а, карзахбаха а , царна а,кхечарна а юкъа зайлаш а тоьхна дотIанаш лелхийта , леррина дайтина хIума ду. Къастам боллуш алалур дац цхьа мур дIа ца баьлча.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG