ТIекхочийла долу линкаш

ТIалибашна тохардина кеманашца


Пакистанан кеманаша тохарш дина ОвхIанистанан дозанехь гулбеллачу тIалибашна. Бекхамбеш рейдаш дIаяьхьина авиацино пIераскандийнахь Пешаварехь Бадабер аиабазина тIелеттачу тIалибаша уллерчу маьждигехь 29 стаг верца доьзна.

Оцу дийнахь шаьш тIемалойх 16 вийра, хаамбо пакистанан инарлаша. Шоьтадийнахь полицино тIалибашца уьйрахь ву аьлла, лаьцна Пешаварехь ахбIе гергга меттигера вахархо. Дозанехь дIахьочу тIеман барамаша Исламабадца Кабул юха а эгIорна кхоьру тергамчаш.

XS
SM
MD
LG