ТIекхочийла долу линкаш

Асаде дарж дита боху Керрис


Шемин президенто Асад Башара дита деза шегара дарж, иза дийцарийн гонехь дан а деза, аьлла Iамеркан Штатийн пачхьалкхан секретара Керри Джона. Лондонехь шоьтадийнахь Британин арахьарчу гIуллакхийн министрца ХIаммонд Филипца къамелехь дира цо и дIахьедар.

Шемица юкъаметтигаш дика йолу Оьрсийчоь а, ГIажарийчоь а кхайкхира Керрис Асадна изза некъ хьехаре. Асада дарж дитича некъ баккхалур бу Шемахь 4 шаре баьлла тIом сацон а, бахархойшлахь яьржина миграци лахъян а, элира Керри Джона.

Оцу юкъанна Оьрсийчоьно Шема хьовсийначу кеманаша ракеташ тоьхна шайн дакъошна тIе, шаьш иза бекхам боцуш дуьтур дац, аьлла пIераскана ДАIИШ-ан вкалша шаьш яржийначу видеохь.

Латакия гIала оьрсийн танканаш а, авиаци а кхаьчна хиларх тоьшаллаш до Iамеркан а, Израилан а хьостанаша.

XS
SM
MD
LG