ТIекхочийла долу линкаш

Махкахь нохчийн Зудчун Де ду даздеш... Иза а цхьана дийнан пафос ю. Ткъа муха еха нохчийн зуда шеран кхечу деношкахь, юй-те иза шен дахарх йоккхаеш, ирсе?

Нохчийн зударша шайн хIусам Iалашйо, кхиабо доьзалш, ца къехка къинхьегамах, ца лоьру шайна хуьлу халонаш, ...амма ца хуьлу дог дика а.

Масане бу уьш, неI ца къовлуш, кор ца къовлуш, шайн байна доьзалхой цIабкхачаре сема ладоьгIурш.

Масала, Лайлаъ. Кхоччуш шен цIе йийца а ца лаьа цунна.

ТIехь цIийнда а воцуш, ша ка-мIараш хьоькхуш йоллу иза. Яц цуьнан шен хIусам, бац бан болх а.

Долий-те цуьнан самукъа нохчийн зуда язъеш лоькхучу дифирамбех? Бузий-те Iедалехь болчийн десачу къамелех цуьнан а, цуьнан доьзалан а кийра?

Цунна оьшург кхин ду…Эрна дац хьекъалечу дайн алар: стаг харцхьа ваьлча доьзал телха, зуда харцхьа яьлча мохк телха.

Ткъа дахарехь шен меттиг ца карош, аьтто боьхна беха цхьаболу зударий шайн кагбеллачу кхолламца.

Бац уьш Дадин-Юрт йоккхучу кавказхойн тIамехь шайн сий лардина хи чу лилхинчу 46 зудаберех, амма бу уьш, дуккха а кхиберш санна, Наной, Нохчийчохь хиллачу тIеман дакъа кхаьчна нохчийн Наной.

Нохчийн зуда. Дозалла до цуьнан доьналлех, майраллах, олу хийла Iедалхочо.

Амма цкъа а вуьйцуш ца нохчашлахь, шена йоI йина аьлла кхаъ баьккхича, гIадвахана да. БIеннаш, эзарнаш нохчийн зударийн кхолламаш…

Диттан генаш санна, дахаро дуьне ма-дду баржийна нохчийн зударийн кхолламаш а.

Муха ду-те, муьлхачу басахь ду-те нохчийн зудчун ирс?

Шен доьзал буьзина хилар, тахана-м хIара юур яра, кхана хIун дер-те бохучу ойланаша садукъийна а йоцуш, шен доьзал нахах тарбина, нийсачу новкъа баккхар, церан дахар токхедар, кIант шен велахь, цунах нохчийн къонах вар, йоI шен елахь, нохчийн доьзале нохчийн доьзхал дебон кечъяр – иштта хила езара-кх, гарехь, Iалашо а.

NewsEffector агенталло бинчу талламашка ладоьгIча, Соьлж-ГIала уггар ирсе нах беха гIала ю.

Маршо Радионо шегара хаттам бира зударшка, стен кхачабо уьш ирсе, аьлла.

Гонахарчу дуьнене башха даккхий хIумнаш а ца доьху нохчийн зудчо. Могуш-маьрша шен доьзал, уллехь тешаме цIийнда, маьрша мохк…

Нохчийн зудчун де. Тахана баккхийчу хьаькамаша язъйо хьо, зезагийн курсаш хьуна лерина, тоьлла иллеш, байташ хьан сий деш, амма кхечу деношкахь, мега хьо ен, Соьлж-ГIалин юккъерчу «Лолита» кафехь йийна ши зуда санна, мега хьо совгIатна яла а, Нажий-Юьртарчу хан тоьхначу хьаькамна елларг санна я Итум-Кхеларчу къанона санна, мега хьо хьайн хIусам а ягийна, махках яккха …

Ткъа тахана, кхане мухха хилахь а, даздер вай Нохчийн Зудчун де. Декъалйойла хьо, нохчийн зуда, сан хьомсара йиша!

XS
SM
MD
LG