ТIекхочийла долу линкаш

Шемара база шорйеш бу Оьрсийчоьнан эскархой


Шемара Тартус гIалахь йолчу Оьрсийчоьнан тIеман базехь 1700 тIеман говзанча ву. Цуьнах лаьцна социалан мащанехула «Коммерсант» газете дийцина цигахь болх беш волчу оьрсийн контрактнико. Цо дийцарехь, Шемахь тIеман конфликт дIайолалуш цу базехь масийтта стаг а бен цахилла. Оьрсийчоьнан эскархой карарчу хенахь ларйеш а, керла гIишлош еш, кема тIехIутту меттиг тоеш а бу цигахь. Оьрсийчоьнан Коьртачу тIеман штабан хьостанна тIе а тевжуш, Коммерсанто дийцарехь, Оьрсийчоь дагахь ю Тартусера тIеман объект шоръян.

Цул тIаьхьа цу базехь тIеэца аьтто хир бу Лаьттаюккъера хIорд чохь долчу Оьрсийчоьнан эскаран эсминцаш а, даккхийн десантан хIордан кеманаш а. ХIара бут болабелчхьана хаамийн гIирсашкахь дуьйцуш ду Оьрсийчоь шен Шемахь болчу эскархойн терахь алсамдоккхуш хиларх лаьцна. Оьрсийчоьно харц ца до ша Димашкъана тIеман гIо деш хилар. Амма иза шаьш деш ду хьалхе дуьйна бина барт кхочуш беш бохуш чIагIдо Оьрсийчоьнан векалша.

ДIадаханчу кIиранах «Газета.Ru» интернет портало дийцира шаьш Шема хьовсорна дуьхьал бевллачу тIеман контрактникех лаьцна. Цара дийцара шайна кехатан тIехь омра цаделла бохуш. Амма царна накъостала дечу меттана тIеман куьйгалло церан гIуллакх дIаделла Федералан кхерамазаллин сервисе.

XS
SM
MD
LG