ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Латакияхь шен эскарш дIатардеш ю Оьрсийчоь


Шемара Латакия гIалахь йолчу шен тIеман базехь 2000 гергга эскархо дIатарван дагахь ю Оьрсийчоь. Цунах лаьцна хаам бина Financial Times газето, шен хьостанашна тIе а тевжаш. Оршот дийнахь The New York Times-а, кхечу а Iамеркин медиа гIирсаша хаам бира Латакияхь дIатардина 28 оьрсийн тIеман кема ду аьлла. Пентагонан векло дийцарехь, дIадаханчу мукъачу деношкахь Оьрсийчоьнан Шемарчу цу базехь охьахиина 12 тIелета а, 12 бомбанаш туху кема а.

Цул хьалха Iамеркин талламан сервисо бинчу хаамца, Латакияхь дара Су-27 олу 4 тIеман кема. Уьш цкъачунна тIемашкахь дакъалоцуш дац. Оршот дийнахь Reuters агенталло хаам бира Оьрсийчоь Шеман стигалхула тIехь пилоташ боцу кеманаш хоьхкуш ю аьлла.

Эксперташа дийцарехь, цу гIуллакхо кхерам бохьу «Исламан пачхьалкх» олучу тобанца къийсам дIахьочу Iамерко куьйгалле дечу коалицин ницкъашна. Пентагоно комментари йина яц Оьрсийчоьно Шемахь лелачунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG