ТIекхочийла долу линкаш

Шемара бевдда нах Грецица долчу дозанна тIегIоьртина Туркойчохь


Туркойчоьнан дозанхоша Европе кхача гIертачу Шемара бевддачу нахана дIакъевлина шайн Грецица долу доза. Оршот дийнахь уьш совцо гIоьртира сатохар дайна дозанна тIехьадда долу адам. Дозане леррина бахана болу Туркойн парламентан декъашхой кхето гIоьртира цигахь гулделла адам шайн доза даста бакъо цахиларх. Туркойчоьнан Iедалш реза ду, кхача а, кхин долу оьшург а делла Шемара нах шайн махкахь дIатарбан.

Амма Шемара бевддачу наха тIулгаш а, дечкан юьхкаш а йиттира Туркойн Iедалан векалшна. Къепедацаршкахь дакъалаьцна масийтта стаг лаьцна полицино. Эдине олучу провинцехь Грецин дозанехь лаьтташ ву 30 эзар сов шемахо. 3 эзар ах эзар стаг ву гулвелла Истанбулерчу автовокзалехь. Уьш, гIаш бахна а, дагахь бу Грецин дозане дIакхача.

XS
SM
MD
LG