ТIекхочийла долу линкаш

Борз мацъяларна бехке бу Iахар


Нохчийчохь тIом барна кхеле валийна Карпюк Николай а, Клых Станислав а.

Нохчийчохь тIом барна кхеле валийна Карпюк Николай а, Клых Станислав а.

Нохчийчохь шина украинахочунна тIехь ечу кхелан тергоечех доккхах дакъа тешна ду, Кремлана Карпюк Николай а, Клых Станислав а, шена дуьхьал тIом бина ву аьлла, кхеле озор оьшу ша Украинаца лелаен харцо бакъъярхьама, аьлла. Нохчийчуьрчу тIамехь Карпюк а, Клых а вайна нах лаха хьаьжира Маршо Радио.

Соьлж-ГIалахь йолалеллачу кхелехь прокуроро чIагIдо, ши украинахо, ткъа шо хьалха шайн цIахь националистийн УНА-УНСО партин декъахь хилла волу Карпюк Николай а, Клых Станислав а Нохчийчу а веара, царех хьалхарчо, масала, нохчийн эскарехь тIемаш беш лаххара а 30 салти а вийра бохуш.

Карпюк стохка Киевехь карчам бан араяьллачу "Аьтто сектор" партин лидеран Ярош Дмитрийн уллера накъост ву. ШолгIаниг, Клых Станислав, Киеверчу транспортан академехь историн хьехархо ву.

Украино чIагIдо, и ши стаг, цхьаъ итт бутт, важа ахшо хьалха, ФСБ-но вадийна валийра Пятигорскерчу набахте бохуш. Миччахь а делахь а, эха шарахь етташ-Iуттуш а кхаьбна, Нохчийчохь тIемаш бина шаьш аьлла даре а дайтина, валийна Соьлж-ГIала кхеле, боху Киевехь.

Хууш ма-хиллара, кхеле валийначу стагна шина тайпа ву тIехIуттуш волу адвокат: я ша, цуьнан гергарчара, мехах лаьцнарг, я Iедало велларг. Шина украинахочунна тIехIиттийна адвокаташ Iедалера бу.

Амма, мел тамаше делахь а, адвокаташа Ицлаев Доккас а, Дубровина Маринас а чIагIдо, Карпюкера а, Клыхера а дареш етташ даьхна, бохуш.

Хилла я ца хилла ши украинахо Нохчийчохь тIамехь? И хаттар ду коьрта массарна а.

Маршо Радионо и хаттар (хилла я ца хилла Карпюк а, Клых а нохчийн тIемалошлахь) делира Ичкерин тIеман истори гергга хаарал совнаха, шина а тIамехь президентна, тIеман баьччина Масхадов Асланна уллехь леллачу, эскаршна тIехь Iуналла деш, цуьнан гIовс а, адьютант а хиллачу Исханов Хьусайне.

Шина украинахочуьнга дайтинчу даренел совнаха, девна декъа, теш а вина, валийна талламчаша Челябинскехь набахтичохь воллу цхьа украинахо – Малофеев Александр. Иза а ву боху талламо Нохчийчохь оьрсашна дуьхьал тIом бина. Ткъа цуьнан, тIамна бехке ца бича а, ду цхьацца зуламаш дарна набахтехь токхуш 23 шо. Адвокаташа дийцарехь, и стаг цкъа а аьттехьа а ца хилла я Карпюкна а, я Клыхна а. Амма цо тоьшалладо, шена Карпюк а, Клых а Нохчийчохь тIамехь вевзина хиларх, боху талламчаша.

Соьлж-ГIалара кхел юьххьехь бен яц. Хиндерг ала дац билггал. Аналогеш схьаэцча, тIаьхье муха хир ю ган хала дацахь а...

XS
SM
MD
LG